
Йерригроссин «Шеран доьзал» цIе йолчу къовсаман региональни мур дIаболийна Нохчийн Республикехь. Иза лерина йу Россин Президента Путин Владимира дIакхайкхинчу Доьзалан шарна.
Къовсам дIахьош йу пхеа декъехула: «Боккха доьзал», «Къона доьзал», «Йуьртара доьзал», «Сийлаллин доьзал», «Доьзал — ламасташ Iалашдархо».
Карарчу хенахь республикин кIошташкахь хьалхара мур бу дIахьош. Иза оханан беттан 25-гIа де кхаччалц дIахьур болуш бу. Къовсаман тIедахкарш довза аьтто бу Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисйаран а, социальни кхиаран а министерствон сайта тIехь.