Путин Владимира инарла-майор цIе йелла Висмурадов Абузайдана

Россин Федерацин Президента Путин Владимира, указана куьг а йаздеш, инарла-майор цIе йелла Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместительна Висмурадов Абузайдана. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.

 «Россин Федерацин Президента Путин Владимира шен указаца Нохчийн Республикин Правительствон нуьцкъаллин блокехула волчу вице-премьерана Висмурадов Абузайдана лакхарчу эпсаран «инарла-мойор» цӀе йелла. Оцу боккхачу хиламца ас декъалво иза», – йаздина Кадыров Рамзана.

Мехк-Дас билгалдаьккхира А.Висмурадов доккха зеделларг долу говзанча хилар.

«Жимачохь дуьйна доттагӀалла лелош ву тхойшиъ. Цундела ма-дарра ала йиш йу сан: иза дика накъост а, ваша а ву», – аьлла Р.Кадыровс.

Иштта, Кадыров Рамзана даггара баркалла аьлла Россин Президентана Путин Владимирна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхочунна кхоччуш терго йарна а, иштта лакхара цIе йаларна а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: