Кадыров Ахьмада а, Песков Дмитрийс а дийцаре дина кегийрхойн политика кхиоран гIуллакхаш

Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Кадыров Ахьмада Шейх Зайедан цӀарахчу фондан генеральни директорца Усманов Анвараца а, шен хьалхарчу заместительца Даудов Ӏумарца а дакъалаьцна Россин Федерацин Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дӀайаьхьначу мастер-классехь.

Мастер-класс хилла Сочехь дӀахьочу Кегийрхойн дерригдуьненан фестивалехь.

Мастер-класс дӀайаьллачул тӀаьхьа Кадыров Ахьмад цхьаьнакхийтира Песков Дмитрийца. Цаьршимма дийцира кегийрхошна гӀо дарх а, царна дика хьелаш кхолларах а лаьцна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: