Россехь дуьххьарлера цхьаьнаурхаллин архив схьайиллина Соьлжа-ГIалахь

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалецира пенсионни а, социальни страхованин а такхарийн гIуллакхийн цхьаьнаурхаллин архиван гIишло Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайоьллучохь. Цу тайппана архив Россехь кхин йан а йац. ХIара дуьххьарлераниг йу. Сий-лараме и декхар кхочушдан леррина Нохчийн Республике веанера Россин Федерацин пенсионни а, социальни страхованин а Фондан Председатель Чирков Сергей, Федерацин Советан социальни политикин комитетан председателан заместитель Ахмадов Мохьмад, Россин къинхьегаман а, социальни страхованин а министран заместитель – статс-секретарь Пудов Андрей.

Керла гIишло Россин социальни страхованин Фондан Нохчийн Республикин Отделенин кертахь йу. Цо кхачойийр йу пенсионни а, социальни страхованин а такхарийн (выплата) хьокъехь болу хаам тешам боллуш Iалашбарна а, цунна сихха тIекхачарна а. Ткъа оцо дикка аттачу боккхур бу говзанчийн болх, тодийр ду гражданийн хьашташ кхочушдар.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас цигахь дакъалоцуш хилларш берриге а декъал бира оцу маьIнечу хиламца. Билгалдаьккхира Отделенин белхахошна болх бан аьхна хьелаш кхоллар регионан дерриге а социальни декъана мехала маьIна долуш хилар. «Со тешна ву цхьаьнаурхаллин архиван гIишло Нохчийн Республикин махкахь социальни лардаран инфраструктурин дIакъасто йиш йоцу дакъа хилла дIахIуттург хиларх», – элира Кадыров Рамзана.

Керла гIишло схьайелларна лерина даздарш дIахьочу хенахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас «Нохчийн Республикин социальни декъан хьакъйоллу белхахо» сийлаллин цIе йелира Магомадова Iайшатана, Дидаева Луизина, Юсупова Зулиханна, «Нохчийн Республикин хьакъволлу гIишлошйархо» сийлаллин цIе йелира Закаев Русланна, Мудаев Зелимхина. Иштта регионан Отделенин шина белхахочунна совгIат дира Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамотица.

Ламасталлин аса хадийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан Мехк-Да Кадыров Рамзан а, хьеший а гIишлонан чоьнашка хьаьвсира.

Д.ТУСХАРОЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: