Россин делегацица Азербайджанехь хилира Хучиев Муслим

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим Россин Федерацин правительствон делегацина йукъахь Азербайджанан Республикехь хилира. Делегацина коьртехь вара Россин Правительствон Председатель Мишустин Михаил. Оцу хьокъехь шен телеграм-каналехь хаам бина М.Хучиевс.

Цигахь церан беркате цхьаьнакхетарш хилира Азербайджанан Президентаца Алиев Ильханца а, министрийн кабинетан куьйгалхочуьнца Асадов Iелица а. Оцу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира Россин а, Азербайджанан а махлелоран-экономикин зIенаш кхиоран, цхьаьна гIуллакхаш дар алсамдаккхаран, йукъаметтигаш кхидIа а чIагIйаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Мишустин Михаила шен къамелехь коьртачарна йукъахь билгалдаьккхира транспортан, машенашйаран, йуьртан бахаман, инновацийн дакъошкахь цхьаьна гIуллакх дар кхион дезаш хилар, йукъара проекташ кхочушйан йезаш хилар.

«Тахана Росси а, Азербайджан а стратегин мехала партнераш йу. хазахетуьйтуш ду Нохчийн Республика а, Азербайджан а доттагIаллин, вежараллин зIенаша чIоггIа вовшашца йоьзна хилар. Оцу зIенашна бух биллина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Азербайджанан Президента Алиев Гейдара а. Тахана и дика ламаст лардеш а, дIакхоьхьуш а ву Кадыров Рамзан а, Алиев Ильхам а», – йаздина Хучиев Муслима.

Вайн Правительствон Председателан цхьаьнакхетар хилира Азербайджанан премьер-министраца Асадов Iелица. «Оцу цхьаьнакхетарехь ас Азербайджанан Правительствон Председатела Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанера салам-маршалла дIаделира. Азербайджанан агIоно а, шен рогIехь, вайн къоман баьччане салам-маршалла а даийтира, баркалла а элира шина а агIонан йукъаметтигаш чIагIйарна йоккха хазна йукъайилларна», – бохура М.Хучиевс.

Нохчийчоьнан Правительствон Председатела дийцарехь, Россин делегаци Азербайджане йахаро гIо дийр ду вайн шина пачхьалкхана йукъара дика, шина а агIонна санехь йолу, йукъаметтигаш чIагIйарна а, цхьаьна гIуллакхаш дар кхиорна а. Шеко йоццуш, Россица даза, цуьнца гергарло лело лууш, оцу гергарлоне хьашт долуш ду Азербайджанан куьйгалла а, халкъ а. Иштта, ойла йитина Россин делегацин декъашхошкахь цигахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: