
Сийлахьчу мархийн беттан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштахь мотт цахуучарна а, лерса доцучарна лерина керла хьуьжар йан йолийна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.
Оцу мехалчу дIадолорехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчас, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада, кхечара.
Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара керла хьуьжар 100 гергга дешархочунна лерина йу. Царна лерина оьшуш болу гIирсаш чохь болуш кхузаманан 4 класс хир йу цу чохь. Иштта хьехархошна лерина кабинеташ а хир йу оцу хьуьжарехь.
Нохчийн Республкин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин чоьтах йийр хьуьжар.