Хошкалдахь Юсуп-Хьаьжин цIарах маьждиг хир ду

Кху деношкахь Гуьмсан районерчу Хошкалдахь маьждиган гIишло ярна лаьтта буха «капсула» юьллуш, цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмада, иштта кхечара а.

Мехала ду маьждиг даран сийлахь болх Кишин воI Кунта-Хьаьжа винчу дийнахь дIаболор. Хошкалдахь ваьхна а, д1авоьллина а волчу Шайхан Юсуп-Хьаьжин цIарах хир ду кхузара керла маьждиг.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира вайн махкахь бусалба дин лелочарна дерриге а хьелаш кхоьллина хилар. «Вайн берриге а эвлаяийн а, устазийн а Iалашо  хилла бусалба цIена дин  вайна хьехар, нохчийн лаьтта тIехь ийман,  машар, низам хилийтар. Тахана вайна гуш ду церан Iалашонаш, цара сатийсинарг кхочушхуьлуш хилар. Ийманехь-исламехь кхиа, Къуръан Iамо, маьждигаш чохь ламазаш дан, бусалба дин кIорггера довза  таронаш ю вайн республикин бахархойн. Сийлахь ду хIара маьждиг дар кху дезачу дийнахь дIадолор», – элира цо.

Кху шеран 25-чу июнехь белхан гIуллакхца ша Гуьмсан районе ваханчу хенахь Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжин зератехь а, цуьнан цIарахчу маьждигехь а хилира республикин Куьйгалхо. ХIетахь сацам бира Кадыров Рамзана кхузахь керла маьждиг дан. ХIунда аьлча юьртахь Iаш ялх эзар гергга стаг ву, ткъа рузбан дийнахь ширачу маьждиг чу ца тарло юьртара берриге а бусалбанаш. Керла маьждиг цхьана шарахь гергга чекхдаккха Iалашо ю  гIишло ярна жоьпаллехь волчу Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председателан Эдильгириев Амруддин. Хууш ма-хиллара, цуьнан доккха зеделларг ду Нохчийчохь маьждигаш дарехь.

Цундела вай тешна ду хIара маьждиг а билгалйинчу хенахь дина дериг хиларх а,  хошкалдахойн цу чохь  Iамал-Iибадат дан аьтто хирг хиларх а.

А.ХАСБУЛАТОВА

 № 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: