Социальни зӀенашкахь нохчийн къоман культурица а, Ӏадаташца а догӀуш доцурш лелош болчаьрца белхаш бийр бу

Социальни зӀенашкахь нохчийн къоман культурица а, Ӏадаташца а догӀуш доцурш лелош болчаьрца белхаш бийр бу. Цу хьокъехь къахьегар тӀедиллина Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Кадыров Ахьмада.

Министерствон белхахоша Bigo Live a, Likee а платформаш тӀехь мониторинг йийр йу, вайн гӀиллакхашца догӀуш доцурш лелошверг билгалваккхаран Ӏалашонца. Цаьрца кхеторан къамелаш а дийр ду.

Дагадоуьйту, Кадыров Ахьмада кегийрхой кхетош-кхиорехь хьалхе дуьйна баккхий белхаш беш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: