Россин Президента Путин Владимира «инарла-полковник» цIе йелла Делимханов Iалибекана

Россин Федерацин Президента Путин Владимира, 205 лоьмар йолчу Указана куьг а йаздеш Росгвардин директоран гӀоьнчина Делиханов Ӏалибекана «инарла-полковник» лакхарчу офицеран тӀеман цӀе йелла. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь. 

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Россин Президента Путин Владимира иштта лакхара терго йар Делимханов Ӏалибека Даймехкан дуьхьа къахьегарехь хьуьнарш гайтар ду.  

«Тхойшиъ вевза дуккха а шераш ду. ЧӀагӀонца ала йиш йу сан, иза бакъволу тӀемало ву аьлла. Султанан Ӏалибек, шен вежаршца – Адамца, Шарипаца, Амхьадаца Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина Нохчийн Республикехь дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьало йира цо», – йаздина Кадыров Рамзана.

Иштта, Кадыров Рамзана даггара баркалла аьлла Россин Президентана Путин Владимирна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхочунна кхоччуш терго йарна а, иштта лакхара цIе йаларна а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: