Кестта ши шо кхочур ду III-чу кхайкхаман Нохчийн Республикин Парламентан хьалхара кхеташо дIаяьхьна. 2013-чу шеран сентябрь беттан 26-чу дийнахь дара иза.
Бинчу белхан хьалхара жамIаш деш аьлча, республикин Парламент дика ларийна шен декхаршца. Уггаре а хьалха иза ду республикин экономика а, социальни дакъа а кхиорна оьшуш долу законаш тIеэцар.
Иштта, ша болх бан йолаелчахьана тIаьххьарчу кхайкхаман Парламенто тIеэцна 109 закон, 10 кхайкхам, законаш тIеэцаран хьокъехь 6 дIадолор дина, къобалйина федеральни законийн 1553 проект.
Законаш тIеэцаран балхаца цхьаьна депутаташа жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца республикехь бусалба дин даржорна а, къоман синмехаллаш денъярна а тIехьажийна бечу балхахь. Бахархошца сих-сиха хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь парламентареша йовзуьйту Нохчийчоьнан кхиар хилийтарна тIехьажийна республикин куьйгаллин политика, шуьйра йовзуьйту бусалба динан а, къоман культурин а мехаллаш, дуьйцу экстремизмана а, терроризмана а юкъа кегийрхой озоран Iалашонца хаамийн гIирсашкахь дIахьочу зуламечу балхах лаьцна.
Республикин тIегIанехь дIахьош долу юкъараллин-политикин цхьа а гIуллакх дIа ца доьду Парламенто дакъа ца лоцуш.
Иштта, депутаташа жигара дакъалецира карикатурашца бусалба динан сий дайдан гIертачарний, террористийн гIолоцучарний дуьхьал Соьлжа-ГIалахь, иттаннаш, бIеннаш эзарнаш адамаша дакъа а лоцуш, дIаяьхьначу митингашкахь а, Россин а, республикин а дахарехь маьIнечу хиламашна леринчу гIуллакхашкахь а. Парламентан дукха хан йоццуш хиллачу кхеташонехь билгалделира Нохчийн Республикин Парламентан керлачу Председателан, Россин Турпалхочун Даудов Мохьмадан куьйгаллица, республикин законодательни органо шен болх, мал ца беш, кхин а йоккхачу жигараллица дIахьуриг хилар.
Хь.АБАЕВ
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо