
«Крокус Сити Холл» концертан залехь нах кIелхьарбахарехь гIо динчу Халилов Исламца а, цуьнан доьзалца а цхьаьнакхетта Россин Федерацин пачхьалкхан Думин депутат Догаев Ахьмад. Депутата Нохчийн Республике хьошалгIа а кхайкхина уьш.
«Исламца а, цуьнан деца а, ненаца а хиллачу цхьаьнакхетарехь оха дийцаре дира тIекхуьу тIаьхье доьзалан масал тIехь кхиа йезаш хилар. Ас баркалла элира Исламан дена а, нанна а иштта майра кIант кхиорна. И санна болу кIентий кхечарна а масал ду», – элира Догаев Ахьмада.
Иштта депутата дийцира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кегийрхойх дегайовхо йолуш хилла хиларх лаьцна а.
Цхьаьнакхетар дерзош кIантана а, цуьнан доьзална а совгIаташ дира.
Дагадоуйьту 15 шо долчу Халилов Ислама «Крокус Сити Холл» концертан залехь 100 сов адам кIелхьардакххарехь гIо дина хилар.