Нохчийчохь даздира Кунта-Хьаьжа вина де

Делан вели, Iаламан устаз аьлла, шена цIе тоьхна волу Кишин а, Хедин а Мубарик Хьаьжа дуьнен чу веана де даздира Нохчийчохь 11-чу июлехь.

Республикин ерриге а ярташкахь, районашкахь долчу рузбанан маьждигашкахь Кунта-Хьаьжин мурдаша Дела а, Цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а хестош мовладаш дийшира, зуькарш дира, назманаш элира.

Коьрта даздарш дIадаьхьира  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу  Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» коьртачу маьждигехь.

Тайп-тапанчу районашкара схьабаьхкина хьаьжин мурдаш, тобанийн туркхаш, назманчаш бара кхузахь.

Уьш тIеоьцуш, даздарца доьзна долу дерриге а гIуллакхаш вовшахтухуш вара Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад-Хьаьжа.

Цигахь дакъалоцуш вара Кунта-Хьаьжин йоьIан Эсетан кIентан кIант Сайпудди а, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам-Хьаьжа а, республикин Куьйгахочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван-Хьаьжа а.

Юьхьанца, кхузахь гулбеллачарна эвлаяийн дозаллех, сийлаллех, Дала царна деллачу караматех, эвлаяийн сий-ларам бан безарх, уьш Делан велий хиларх лаьцна дийцира Сайпуддис, Хийтанаев Мохьмад-Хьаьжас талмажалла а деш (Сайпуддис къамел Iаьрбийн маттахь дира).

Цул тIаьхьа Мухьаммад Пайхамарах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Кунта-Хьаьжех (Дала къайле тойойла цуьнан) назманаш элира, юха мовлад дийшира кхузахь вовшахкхеттачу мурдаша.

Цул тIаьхьа доккха зуькар гIаттийра маьждиг чохь. Зуькаран чIагарехь хьийзара дезткъа шарал тIехбевлла къаной а, хIинцале зуькаран чам кхетта болу кхиазхой а, бераш а.

«IалалахI-IулиллахI» бохучу доккхачу зуькарехь баккъал вовшийн дезар совдаьлла, ойла Далла тIейирзина вара массо а. Зуькар дерзош доIанаш дира Межиев Салахь-Хьаьжас а, Хийтанаев Мохьмад-Хьаьжас а.

Кунта-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла де даздан баьхкинарш зуькар дерзийначул тIаьхьа а, марха досту хан тIекхаччалц юха а вайн Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш, назманаш бохуш Iийра.

МаьркIажан хан тIекхаччалц Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан  цIарахчу регионан юкъараллин фондо а даьккхинчу сагIанах а кхеташ, марханаш даьстира кхузахь вовшахкхеттачара шаьш дIасабахале.

Д.АНАДЕВ

 № 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: