
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондо кхачанан сурсаташца а, кхиболчу гIирсашца а кхачо латтайо тIеман леррина операци дIахьочохь дакъолоцуш болчу нохчийн бIаьхошна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
РогIера гIо Мариуполе дIахьажийна. Кхачанан сурсаташ дIаделла РФ-н Оборонин министерствон «Север-АХМАТ» полкана а, «Запад-АХМАТ», Юг-АХМАТ», «Восток-АХМАТ» батальонашна а.
Кадыров Рамзана дагадаийтира дукха хан йоццуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо тIеман леррина операцехь дакъалоцуш болчу бIаьхошна Mavik 3T квадрокоптерш а, камикадзе-дронаш а, кхиболу гIирсаш а бахьийтина хилар.
Чаккхенгахь Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Фондан Президентана Кадырова Айманина Россис тӀеман леррина операци дӀахьочохь болчу бӀаьхошна гуттар а гӀо дарна.