Нохчийн Республикин Правительствехь дийцаре дира регионан социальни-экономикин хьал кхиор

Нохчийн Республикин Правительствехь дийцаре дира регионан социальни-экономикин хьал кхиор. Цу йукъа догӀу пачхьалкхан программийн а, къоман проектийн а гурашкахь кхочушйан Ӏалашонехь йолчу объектийн проектан-сметин кехаташ кечдаран гӀуллакхаш а.

Кхеташо дӀайаьхьира Нохчийн Рспубликин Правительствон Председатела Хучиев Муслима. Цо дийцарехь, къоман проекташа коьрта дакъа дӀалоцу регионан чӀогӀа социальни-экономикин хьал кхиорехь а, бахархойн дахаран хьелаш тадарехь а.

«Карарчу шарахь регионан проекташ кхуочушйаран гурашкахь Ӏалашонехь ду 200 гергга объектехь йукъара 25,6 млрд соьмана йаран а, капремонт йаран а, тайаран а, иштта реконструкци йаран а белхаш дӀадахьа»,– элира цо.

Къаьсттина Ӏалашонехь ду могашалла Ӏалашйаран 8 объект а, 11 школа а, цхьа могӀа спортан а, культурин объекташ а, могашалла Ӏалашйаран учрежденеш а, инженерийн коммуникацеш йар а, шен йукъара йохалла 123,3 км йолчу 67 автомобилийн некъийн дакъош а, 8 тӀай а даран а, иштта ремонт, реконструкци йаран а белхаш дӀадахьа.

Кхеташонан жамӀ деш Хучиев Муслима тӀедиллира лелаш йолчу пачхьалкхан программашна а, къоман проекташна а йукъахь Нохчийн Республике лаккхара дакъалацийта Ӏалашонца хьелаш кхолларехь дан дезарш дар а, иштта массо а билгалбаьхна гайтамаш кхочушбар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: