Соьлжа-ГIалин службашна 43 леррина йолу техника эцна

Соьлжа-ГIалин службашна 43 леррина йолу техника эцна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас телеграмерчу шен агIонехь.

«Тахана, Соьлжа-ГIалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца ас дакъалецира даздаран хьолехь Соьлжа-ГIалин профильни службашна леррина йолу автотранспорт дIайаларехь. ГIалахь цIано а, хазалла а латторан Iалашонаш кхочушйарехь доккха гIо дийр ду паркан транспорт тIекхетаро», – йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара керлчу транспортан цхьа дакъа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах эцна йу, ткъа шолгIа дакъа Соьлжа-ГIалин мэрис Ислам динца нийса а догIуш тIедиллина эцна йу. Царна йукъахь йоккха леррина йолу техника а, кегийра машенаш а йу.

Кадыров Хас-Мохьмада дийцира Ислам динца нийса а догIуш тIедиллина эцарх лаьцна. Цо дийцарехь, цунах пайда а оьцуш Нохчийн Республикин бахархоша цхьана дийнахь 258 петар эцна, ткъа цхьана баттахь бахархоша эцнарг 350 петар йу.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана баркалла элира Соьлжа-ГIалина иштта совгIат дарна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина а, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь дика къахьегарна Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: