Тахана 17 шо кхаьчна Нохчийн Республикин Президентан дарже Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хӀоьттина

Тахана 17 шо кхаьчна Нохчийн Республикин Президентан дарже Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хӀоьттина.

2007-чу шеран оханан (апрель) беттан 5-чохь дӀаяьхьначу инаугурацехь дукха хьеший (1,5 эзар сов) а, тайп-тайпанчу даржашкара нах (500 сов) а хилира.

И гӀуллакх нахана дӀадовзуьйтуш Россерчу шуьйрачу хаамийн гӀирсийн 200 гергга а, кхечу мехкашкарчу хаамийн гӀирсийн 70 а векал вара.

Цул тӀаьхьа йаьллачу хена чохь, куьйгаллехь Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а волуш, Нохчийчоьно тӀехбаккхий кхиамаш баьхна, шайх коьрта саьлнашкара гӀаланаш а, йарташ а меттахӀиттор а, КТО-н раж дӀайаккхар а, дуьненайукъарчу терроризмана тӀехь толам баккхар а долуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: