Цхьа-ши дош…

Испанин къилбаседа-малхбалехь къанойн цIийнах цIе ялар бахьанехь цу чохь хиллачу 19 стагах 8 кхелхина, 11 стаг к1еззиг-дукха вагийна.

                                          ***      

Чада пачхьалкхан коьртачу шахьаран базарахь бомба эккхийтина. Оцу бохамехь итт стаг кхелхина, пхийттех стагана чевнаш хилла.

                                          ***

Шемахь йолчу Италин консульствона хьалха эккхийтар дина. Цигахь цхьа стаг кхелхина, цхьайтта стагана чевнаш хилла. Царна юкъахь консульствон векалш бац.

                                          ***

Шеман Iедалан эскарша хIокху деношкахь ондда тохар дина мехкан къилбаседа агIор йолчу «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна.

                                          ***

Луьра раж йолчу набахтера хIинца шозлагIа а ведда Мексикера наркобарон. Иза схьалоцуш гIо диначунна 5 миллион доллар ахча кхайкхийна.

                                          ***

Иранан ядерни программин хьокъехь долу «ялханнан» дийцарш чаккхене доьлхуш ду. Дийцаршкахь дакъалоцуш ву Россин МИД-н куьйгалхо С.Лавров.

                                          ***

Желтойчохь кхолладелла финансови хьал дийцаре дан Брюсселехь вовшахтоьхнера Евросоюзана юкъайогIучу 19 пачхьалкхан саммит. Газет зорбатухучу дийнахь а йист ялаза яра цигахь дийцаре дечу гIуллакхийн.

                                          ***

Украинин масех гIалахь митингаш дIаяьхьира «Правый сектор» боламан жигархоша. Полицица хиллачу тасадаларехь оцу боламан кхо декъашхо вийна, цхьанна чов йина.

                                          ***

Украинин Iедалан эскарша 50-зза гергга герзаш диттира стомара Донецкан тайп-тайпанчу районашна. И бахьанехь пхи цIа дохийна.

                                          ***

Россин Правительствос сацам бина регионашна гIонна кху шарахь кхин а 300 миллиард сом къасто.

                                          ***

Кху шеран ялх баттахь Россера арадаьккхинчу ахчанан барам 52,5 миллиард долларе кхаьчна хиларан хьокъехь хаам бо мехкан финансийн министерствохь.

                                          ***

ДIадаханчу мукъачу деношкахь Москван урамашкахь хиллачу некъан-транспортан бохамашкахь 3 стаг кхелхина, масех стаг лазийна, цхьа машен яьгна.

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: