
Кхузаманан цементан завод йаран белхаш дIаболорна лерина капсула йиллина Чуьйри-Эвлахь. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Завод Шелан кIоштан Чуьйри-Эвла йуьрта йистехь хир йолуш йу. Керла завод дуьненайукъарчу лехамашца а йогIуш, кхузаманан гIирсашца а, технологешца а кечйина хир йу. Шарахь 1 млн тонна сурсаташ арахоьцуш хир йу иза. Цо аьтто бийр бу арахьарчу а, чуьрчу а рынкашна кхачо йан», – йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, керлачу заводо республикин экономикин хьал тодарехь йоккха меттиг дIалоцур йу.
«Нохчийн Республикин промышленность кхиорехь мехала гIулч йу хIара проект. ТIехдика сурсаташ арахецна а ца Iаш, белхан меттигаш а кхуллур йу хIара кхочушйарца. Нохчийчоьнан экономикин хьал тодарехь йоккха меттиг дIалоцур йу керлачу заводо. Со тешна ву хIара предприяти Нохчийн Республикин промышленность кхиаран билгало хирг хиларх», – йаздина Кадыров Рамзана.