Кадыров Рамзан хилира Соьлжа-ГIалахь керла маьждигаш дечу майданашкахь

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан шен гIоьнчица Эдильгириев Амруддица цхьаьна хилира Соьлжа-ГIалин даккхийчарах кхоъ маьждиг даран майданашкахь. Иштта хаам бина регионан Мехк-Дас телеграмерчу шен каналехь.

Билгалдаккха догIу и маьждигаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах деш хилар.

Царах цхьа маьждиг Бойсхаран кIоштахь «Минутка» майданна уллехь деш ду. Карарчу хенахь белхалой къахьоьгуш бу арахьара белхаш барехь. Делан Элчанан Мохьмад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах долчу, Шеларчу «Бусалбанийн дозалла» маьждиган куц-кепехь хир долуш ду и маьждиг.

Иштта Кадыров Рамзан хилира Мухьаммад Iелин проспектехь а. Цигахь а 4400 меттигна лерина доккха маьждиг ду хьаладеш. Республикин Мехк-Дас билгалдаьккхира, и маьждиг шена къаьсттина мехала хилар, хIунда аьлча цуьнан момсарш Юсупан а, Рамзанан а, Хьасайнан а, Алхазуран а, Абубакаран а цIарах йу. Ткъа уьш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин уллера, дика белхан накъостий хилла бу.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзан хилира Россин Президентан Путин Владимиран цIарах йолчу керлачу кIоштахь маьждиг дечу майданехь. Белхалой цигахь жигара белхаш дIахьош бу. Республикин Мехк-Дас баркалла элира региональни йукъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина цу тайпана маьждигаш хьаладан аьтто барна. Ерриге а республикехь карарчу хенахь хьаладеш ду 130 сов маьждиг.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: