
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана карарчу беттан 25-чохь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна лерина къовсам дӀакхайкхийна. Цу хьокъехь Кадыров Рамзана хаам бина социальни зӀенехь.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас видео кийсак гайтина шена тIейазбеллачарна. Цу тӀехь цхьана йоӀа байт йоьшу. Къовсаман лехамашца цул дика а, шера а йеша йезаш йу изза байт. Къовсам шина кӀирнах дӀахьур бу, ткъа тоьлла болх Нохчийн Республикин культурин министерствон лерринчу жюрис билгалбоккхур бу. Толамхочунна 1 млн сом ахча лур ду.
Белхаш дIатаса беза Whatsapp мессенджер тIе хIокху лоьмарца +79396220508
Йеша йезаш йерг поэтан Бухадиев Мусан байт йу:
ЦIен кIеда маьхьсешший,
Куй месал, галпешший,
Арахь — куьрк, чохь — пешший,
Дакъош кхозу думешший.
Йе-е, гора кура кIентий!
Даккхий-кегий цIеношший,
Куц тайна стом, бешший,
ГӀаз, котам, кӀорнешший,
Чохь — кузаш, гIайбешший
Дац, хьан боху, вай элий?!
Ӏаьржа богу бIаьргашший,
КӀайн лепа цергашший,
Шун, хедар, зайлашший,
ПхьегIа — мегӀа, йалгIошший.
Делара дилла вайн гIели!
ГIагI, турс, гоьмуккъий,
Дайн хьаьвзина мердуккъий,
Готта, йуткъа гIодайуккъий,
Белш шуьйра наж-буккъий.
Аш хедо лекха дуккъий.
Топ-тапча, тур-шаьлтий,
ЦIул-серан гуо, керттий,
Кхаж кхуран йеза шеддий,
Цуьнца цхьаьна Іад-веддий.
Йе-е гора, кура кIентий!
Чоа, верта, гIовталлий,
Дато доьхка, турмаллий,
Чохь йаьржина сал-паллий,
Йина йоцу сискаллий.
Дуй-теша вай элий?
Дин, нуьйр, мажаррий,
Йедда йаьлла ХІажаррий,
Гарс, хьаьвда, докъаррий,
Ша висна пекъаррий.
Дац теша вай элий?
Уоза беза ши йеттий,
Тодан деза ков-керттий,
Хьоь ца йогIу Нурсеттий…
Лелий вала, кIант, саттий.
Вайн ца хилла цкъа элий?
ЧӀуг хьаьвзина маж-меккхий,
Шена дисна цаца-теккхий,
Вала, чехка хи чу эккхий,
Хьан гIуллакхийн йац чаккхе.
Йе-е гора, кура кIентий!