КЪОМАН «ДАЙМОХК» ГАЗЕТАН 101 ШО КХАЧАРЦА ДОЬЗНА ДУДАЕВ АХЬМАДАН ДЕКЪАЛДАР:

«Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газетан 101 шо кхечи!

Оцу изданих вайн регионна долу маьӀна дукхазза а билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо, сан ларамечу ВАШАС Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана!

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла Цуьнан!) некъа тӀехь хьанал къахьоьгуш йу изданин коллектив! Даймехкан баккхий патриоташ бу уьш, шайн синошца ненан маттах саготта а болуш!

Нохчийн маттахь арадолуш дуьненахь а цхьаъ бен доцу газет ду «Даймохк». 1923-чу шарахь диллинчу цо ненан мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а, иштта, нохчийн къоман ламасташ а, Ӏадаташ а чӀагӀдаран а дакъошкахь къахьоьгу бӀе цхьа шо ду.

Даггара декъалво коьрта редактор, лараме ВАША Шамсудинов Бувайсар а, газетан йерриг коллектив а! Изданин ветеранашна а, иза кхиорехь къа мел хьоьгучарна а доккха баркалла боху ас!
Дала тӀаьхье беркате йойла!

АХМАТ — СИЛА!
АЛЛАХIУ АКБАР!»

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: