Ахьмад-Хьаьжа бераллехь дуьйна вевзаш вара суна. Хоси-Юьртахь лулахь дехаш дара тхо. Цундела, цуьнан хьокъехь суна хууш дерг, коьртачу декъана, доьзна ду сан бераллин муьраца.
ХIетахь суна чIогIа нийсо езаш волу, диканна а, вуонна а юккъехь болу зил дика хууш волу, оьзда стаг санна вевзира иза. Кхечаьргара а лоьхура цо иштта хилар. Бераш дукха дезара цунна, тхоьца тIекаре вара. Тхоьгара цхьа дика хIума даьлча, тхо хестадора, кхин а диканиг дан дог доуьйтура.
Тхан амалш кхоллаялар а, кхиар а, дахаре болу хьежам чIагIбалар а Ахьмад-Хьаьжа санна болчу баккхийчеран семачу тергонца дIадоьдура. Уьш оьзда, гIиллакхе, ийманехь нах бара. Иштта уьш а кхиънера шайл баккхийчеран дикачу Iаткъамца. Баккхийчара йовзуьйтура адамашкахь хила хьакъйолу мехаллаш: вайн халкъан Iадаташ, ламасташ, гIиллакхаш, культура, бусалба дин. Оцу мехаллашна тIехь кхиийна вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. ТIаккха цо а Iамабора кхиазхой диканиг дан, къинхетаме хила, бакъдерг дийца, хьарамчух лардала, стогаллина, жоьпаллина, къинхьегамна, дахарехь цхьа дика Iалашо йолуш хила дезарна. Оцу массо а хIуманна тIехь тхуна дика масал а дара иза.
Ахьмад-Хьаьжа халкъа юкъара схьаваьлла вара. Цундела цунна дика девзара могIарерчу бахархойн дахар, гIийлачу, мискачу нахехь долу хьал, церан ойланаш, лаамаш, сатийсамаш, хIора дийнан лазамаш, сингаттамаш.
Шен берриге а нийсархой а санна, нохчийн халкъ 1944-чу шарахь махках даьккхинчул тIаьхьа, хийрачу махкахь – Карагандахь дуьнен чу ваьлла вара Ахьмад-Хьаьжа. Жима Ахьмад кхиира дохоран къаьхьа кад мала, вайн халкъехь цу шерашкахь латтош хилла Iазап довза.
1957-чу шарахь КадыровгIеран доьзал, шена хийра хилла Казахстан а йитина, шайн хьомечу махка – Нохч-ГIалгIайчу цIабирзира. Цу хенахь Ахьмадан ялх шо дара. КIанта бераллехь дуьйна дIахудура халкъа юккъехь хилла ойланаш, цуьнан сатийсамаш. Оцу шерашкахь кхоллабелира цуьнан экамечу дагчохь шен халкъе а, Даймахке а болу ховха безам.
1968-чу шарахь БIаьчи-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, цхьаберш санна институте ваха сих ца велира иза. Цунна шен къинхьегаман некъ беркатечу лаьтта тIехь болх барца дIаболо лиира. Оцу Iалашонца иза Невран районерчу Калиновски станицехь хиллачу корматаллин-технически училище комбайнеран курсашка деша вахара. Цигахь кхиамца дешна ваьлча, шина шарахь болх бира Гуьмсан районерчу дугалелоран «Новогрозненский» совхозехь. Цул тIаьхьа, дуккха а нохчий санна, хIора бIаьста белхаш бан воьдура Сибрех а, Россин тайп-тайпанчу регионашка а. Цигахь гIишлошъярехь къахьоьгура.
Ахьмад-Хьаьжин дахар массо а хенахь доьзна хилла шен халкъан кхолламах. Цуьнца декъна дика а, вуон а. Даима ойланаш йина нохчаша ловш хиллачу баланийн, сингаттамийн. Нохчий даима а маьрша, токхе бехийла лиъна. Хьанал бехийла лиъна. Хьанал къахьегарца цхьаьна, Ахьмад-Хьаьжа ойланаш еш хилла шен Iилма лакхадаккхаран, бусалба дин Iаморан. Бераллехь дуьйна ламаз-марха дукхе дукха лерина лелош хилла волчу цо, дахаран хьашт-дезарш юьстах а тоттий, дега-ненера пурба а доккхий, сацам бо бусалба Iилма кIорггера Iамо.
Советийн заманахь кхераме а, хала а гIуллакх дара иза, нохчашна-м муххале а. Халонашна бIокъажо Iемина воцу Ахьмад-Хьаьжа, ерриге а халонаш эша а йой, Узбекистане деша воьду. Цкъа хьалха цо кхиамца, хенал дикка хьалха чекхйоккху Бухарара «Мир-Араб» хьуьжар. Цул тIаьхьа иштта кхиамца доьшу Ташкентерчу Исламан институтехь. Цу хенахь советийн мехкан ерриге а республикашкара студенташ-мутаIеламаш хилла цигахь бусалба Iилма Iамош. Царна юкъахь а шен кIорггерчу хааршца билгал хилла Ахьмад-Хьаьжа.
Хетарехь, Нохчийчохь политикин хьовр-зIовр ца хьовзийнехь Далла чIогIа безачу оцу сийлахьчу некъа тIера дIаваьлла хир вацара Ахьмад-Хьаьжа. Амма Нохчийчохь хIоьттинчу къизачу хьоло ца витира иза. ТIеман цIергахь йогуш яра вайн гIаланаш, ярташ, хIаллакьхуьлуш дара халкъ, къаьсттина кегийрхой. Орцахвала да воцуш, доьхна-даьржина дIадаханера халкъ. Оцу хьолехь лом хилла гIаьттира А-Хь.Кадыров. ТIаккха гучуделира цуьнан доьналла, хьуьнар, стогалла, цунна шен халкъ а, Нохчийчоь а шен сил дукха езаш хилар. Ирча, кхераме денош дара иза халкъ лардан гIаьттинчу хенахь хилларш. И воцург кхин цхьа а хIуттур вацара иштта беза мохь шена тIелаца. Амма цо тIелецира. Цуьнан ондачу амало, хазачу къамело дика тIеIаткъам бира эзарнаш адамашна. Доьхна-даьржина хилла халкъ цхьаьнакхета доладелира, цхьана наха Iехийна-тилийна хилла эзарнаш кегийрхой, герзаш охьа а дохкуш, цунах дIакхийтира. Оцу дерригено а некъ биллира республикера тIом сацорна, халкъан барт барна. КIорггера Iилма долу дешна стаг санна вевзаш хилла Ахьмад-Хьаьжа похIме политик хилла дIахIоьттира. Россехь а, дозанал арахьа а боккхачу сий-ларамца йоккхура цуьнан цIе. Иза ша-шах хилла дацара. Оцу сихачу, кIуркIаманечу муьрехь а цуьнан ницкъ кхечира светски Iилма Iамо. 2003-чу шарахь цо кхиамца чIагIдира политологически Iилманийн кандидатан диссертации. Иза чIагIдар дIадахара Россин Iилманийн Академин социально-политически талламийн Институтехь. Цуьнан диссертацин тема иштта яра: « Россин – Нохчийчоьнан юкъаметтигаш: генезис, маьIна, тояран некъаш». Доккха хьуьнар оьшура оцу муьрехь и болх бан.
Цу тайппана, машаран мостагIий къар а беш, халкъ, Нохчийчоь паргIатъяккхаран, когахIотторан новкъа схьавогIуш вара Ахьмад-Хьаьжа… Цо хьехначу новкъа схьавогIуш ву тахана цуьнан сийлахь кIант Кадыров Рамзан. Цуьнан куьйгаллица кхуьуш, хазлуш, цIинлуш ю Нохчийчоь. Цкъа а тIом хиллий те аьлла хетало вайн гIалийн, яртийн исбаьхьачу урамашка, цIеношка бIаьргтоьхча.
Сихачу боларшца кхуьуш бу юьртан бахам, когахIуттуш ю промышленность. Де-дийне толуш догIу бахархойн Iер-дахар. Маршо а, синтем а бу. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас долийна хиллачу а, цуьнан кIанта Кадыров Рамзана кхиамца дIакхоьхьуш долчу а сийлахьчу гIуллакхийн беркате тIаьхье ю иза. И беркат шо-шаре даларца кхуьур ду. Вайн иэсехь даима а лаьттар ву Нохчийчоьнан халкъаш маьршачу, зовкхечу некъа тIе даьхна волу Ахьмад-Хьаьжа.
ТАЙМАСХАНОВ Бекхан, Россин Президент волчохь йолчу Нохчийн Республикин векалаллин куьйгалхо.
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо