
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилира Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь Нохчийн меттан денна лерина дӀадаьхьначу даздарехь. Цигахь дакъалецира Ӏедалан кхочушдаран органийн а, кхоллараллин а, Ӏилманан интеллигенцин а векалша. Иштта хаам бира Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархой, ламасте дирзина ма-хиллара, нохчийн къоман духарш доьхна бара. Даздарийн цӀийнехь йахана зама гойтуш йолчу коьчалийн гайтам бара вовшахтоьхна.
Регионан Мехк-Дас гулбеллачаьрга маршалла а хаьттина, декъалбира уьш Нохчийн меттан денца. Шен къамелехь цо къаьсттина билгалдаьккхира ненан мотт гуттар мехала хилар а, вайн халкъан кхане цуьнах йоьзна хилар а. Цо кхайкхам бира массаьрга а нохчийн мотт Ӏалашбарна а, иза кхиорна а йоккха терго йе, аьлла.
Даздаран гурашкахь Кадыров Рамзана «Россин Федерацин халкъан артист» цӀе дӀайелира Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актрисина Гичаева Раисина. Цул сов кхоллараллин а, Ӏилманан а цхьамогӀа векалш билгалбехира республикин Сийлаллин цӀерашца а, грамоташца а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден цӀарах долчу Баркаллин кехаташца а. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хожа-Баудис «Нохчийн меттан ширачу а, дицлуш лаьттачу а дешнийн дошам» йелира Нохчийчоьнан Мехк-Дена. Цу йукъахь хьалхалера а, наггахь бен ца хеза а 1000 сов нохчийн дош ду. Цхьаьнакхетар дерзийра башхачу спектаклаца.1изменено 10:43