ТӀеман лерринчу операцехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Соьлжа-ГӀалара

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь «АХМАТ» спецназехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехула.

Телеграмерчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.

Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.

«АХМАТ» спецназехь а болуш, тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ:

+7(925)661-77-77;

+7(925)319-77-77;

+7(925)328-77-77.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: