Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина историн башха гӀишло

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалецира хьалха хилла йолу Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан Ӏилманан-талламийн институтан гӀишло метта а хӀоттийна схьайелларна леринчу хиламехь. Иштта хаам бира регионан Мехк-Дас телеграмерчу шен каналехь.

1920-чу шарахь хьалайина йолу лакхахь билгалъйаьккхина историн объект меттахӀотто аьтто белира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан гӀоьнца.

Цигахь къахьегна белхалой бахьана долуш аьтто хилира цуьнан шатайпа куц-кеп Ӏалашдан. Цул сов, гуонахара майда а кечйина, сеналла дӀайийна, цхьа бӀе машен дӀахӀотто майда а йу, иштта, мел оьшуш долу хьелаш а кхоьллина.

Объектан хьалхарчу гӀат тӀехь галерея йу, Соьлжа-ГӀалин тӀамал хьалха а, цул тӀаьхьа а хилла йолу хенаш а, хиламаш а шена йукъалоцуш йолу. Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, Историн шарахь и объект схьайеллар шена дикахеташ хилар. Кадыров Рамзана баркалла элира Соьлжа-ГӀалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, иштта, историн объект меттахӀотторан балхана йукъа мел озийначарна а. Цо билгалдаьккхира, болх лаккхарчу тӀегӀанехь дӀабаьхьна хилар. Иштта Кадыров Рамзана хаийтира, вайн республикин коьртачу шахьаран хазна а хилла иза дӀахӀуттург хиларх ша тешна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: