
2020-чу шеран чиллин
беттан 23-чу дийнахь дукха адам дара Соьлжа-ГIалин «Заветы Ильича» урамехь вовшахкхетта. Цу
дийнахь ураман цIе хуьйцуш йара, дукхахболчу вайн махкахойн лаамца. Алиев Вахин
цIе йара
хIинца урамна туьллуш йерг. Цунах чIогIа
баккхийбеш урамера бахархой а, кхиболу гIалахой а бара. ЦIарна цIейаххана
бIаьхо хилла Алиев Ваха. 1941-чу шеран асаран беттан 22-чу дийнахь Даймехкан Сийлахь-боккха
тIом болабеллачу муьрехь, 17 шо кхачале,
ЦIечу Эскаран могIаршка шен лаамехь дIахIоьттина, дарделла лом санна мостагIех
летта ву нохчийн йахь йолу и кIант. Цуьнан цIе
тилларал сов, Алиев Вахин синсовгIатана иэс-чурт (стелла) дуьйгIира цу дийнахь. Иза чIогIа мехала дара, тIекхуьучу
чкъурана вайна йукъахь хьуьнаре адамаш а, турпалхой а хиллий дIахаийта. Царах
цхьаъ хилла ша схьаваьллачу нохчийн къоман тешаме воI, дог майра бIаьхо,
лаккхарчу корматаллин лор, Чечанахь бехачу нохчийн доьзалехь дуьнен чу ваьлла вара
Алиев Iамерхьажин кIант Ваха.
1924-чу шеран чиллин беттан 28-чу
дийнахь вина иза. Йуьртарчу школехь ворхI класс кхиамца чекхйаьккхина, Соьлжа-ГIаларчу медицинин училищехь дешна цо.
Фельдшеран корматалла карайерзийна, хьаналчу къинхьегаман некъ дIаболийна шен
ворхIе да ваьхначу Чечанахь. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна
фронте дIаваха болчу лаамца кIоштан тIеман комиссариатана хьалхара дIаволуш
вацара кIант. Амма тIехьаьжча дегIана эгIаза волу иза эпсарша дIачехавора, ЦIечу Эскаре боьлхачеран могIаршка
ца йазвеш. Цул сов, 18 шо кхаччалц цхьа а тIаме вуьгуш а вацара йуьхьанца. Амма
доггах вилхинчунна бIаьргех цIий деана олуш ду халкъалахь. Иштта, цхьа гечо
карийра синтем боцчу жимачу стагана цIийх лешачу даймахкана орцахвала. Шен лаам
кхочушбеш ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIоьттина, тIаме боьду некъ йуьхьарлецира 1942-чу
шеран йуьххьехь Алиев Вахас.
Фашистийн Германица хилла тIом дIаболалуш
итт эзар сов стаг вара Нохч-ГIалгIайн Республикера ЦIечу Эскарийн могIаршкахь гIуллакх
деш. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин а кхойтта эзар стаг дIавахара
шен лаамехь фронте. МостагI луьра, нуьцкъалла вара – техникица, гIашсалташца. Йерриге
Европа шен кога кIел хьарчийна, хьерадаьллачу жIаьлех тарвелла, чугIерташ вара
Гитлер. КIезиг йацара Германина гIо-накъосталла деш хилла пачхьалкхаш а. 1941-чу
шеран гуьйренан хьалхарчу деношкахь, Россин масех гIала йожийна, Москвана
гергакхаьчнера немцойн эскарш. Ледара хьал дара мостагIчо мелла а гIелдинчу ЦIечу
Эскарехь а. ТIаккха СССР-н куьйгалло орцадаьккхира советийн халкъашка. 1941-чу шеран лахьанан
беттан 13-чу дийнахь зорбане болу ГКО-н (Государственный Комитет Обороны) Сацам
къаьмнийн дивизеш кхолларан хьокъехь.
Буьрсачу тIамо хIиттийначу инзаре халачу хьелашкахь ЦIечу Эскарна гIо-накъосталла
эшарца доьзна дара къаьмнийн дивизеш кхоллар. Дуьххьара кхоьллинарг Башкирийн
дошлойн дивизи йара. Цунна тIаьххье хьем боцуш кхоьллира туркменийн дошлойн
дивизи а, иштта кхоллайелира кхидолчу къаьмнийн дивизеш, царна йукъахь йара
Нохч-ГIалгIайн дошлой дивизи, аьлча а, Нохч-ГIалгIайн леррина дошлойн 255-гIа
полк, шен коьртехь капитан Висаитов Мовлади (тIаьхьо СССР-н Турпалхо) волуш. Цу полкехь дIадолийна вуьрхIитта шо кхаьчначу Алиев Вахас мостагIчух
летар.
1942-чу шеран хIутосург беттан
хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара арайаьлла, фронте боьду некъ йуьхьарберзийра
Нохч-ГIалгIайн лерринчу 255-чу дошлойн полко.
Сталин Иосифан омранца «Харьковски тIеман операци» дIайолийна хан йу иза. ЦIечу Эскаран эшамца
чекхйаьллачу оцу операцино таро хилийтира немцошна Кавказе чухахкабала. Цундела
Нохч-ГIалгIайн леррина дошлойн 255-гIа полк, Ростовн областарчу Сальск гIалин
аренашца болчу немцошца тIемаш беш, шена некъалар йаккха дезаш хилира фронтан
зила тIекхача. Аьхкенан довхачу деношкахь, буьрса кхехкачу тIемашкахь доьналла,
майралла гойтуш дIаихна вайн кIентий. Церан
могIаршкахь хилла кIант Алиев
Ваха. СССР-н Турпалхочо Висаитов Мовладис боккхачу безамца йаздо шен «От
Терека до Эльбы» цIе йолчу книги тIехь «полкан жимхех» Алиев Вахех лаьцна.
«255-чу дошлойн полкан командир
волчу суна ларамза хиира беран бос база волу Алиев Ваха сайн бIаьхошна йукъа
нисваларх дерг. ХIинца а кхеташ вац вуьрхIитта шо кхачаза волу кIант тIеман ара
дIайоьдучу полке схьаэцнарг мила ву, иза чекх муха ваьлла. Хетарехь, цхьа
кийтарло хьовзийна хир йу цо, шен йоцу хан йу аьлла кехаташ нисдойтуш. ХIетахь
вайн дукхахболчу кегийрхоша леладора иза, сихха фронте дIакхачархьама. Амма сайна иза цхьана эскадронехь вуй хиъча,
ас кIант интендантски службе дIахьажийра. Делахь а, иза къарлур волуш ца
хиллера. Цкъа цхьана дийнахь мостагIчо тхо бIаьрг белла ца дуьтуш буьрса
кхихкинчу тIамехь герз карахь, массарел хьалха лелхаш тIом беш вара иза. ТIеман
кхийсарш нилхайевлча ас тIекхайкхина,
човхийра иза: «Вай, ас хьо кухни чу дIахьажийна вацара, хьо кхузахь хIун
деш ву?»
– Накъост капитан, со картолаш цIанйан веана вац фронте! Со мостагIчух даймохк
дIацIанбан Iалашо йолуш араваьлла ву!
Со кхийтира кхидIа дерг цуьнга дийцича эрна хиларх. Жима
волушшехь Ваха чIогIа майра кIант вара.
Тхуна массарна дукхавезара иза. Оха тхайлахь «полкан кIан» олура цунах».
1942-чу шеран хьаьттан бутт тIекхаччалц,
Нохч-ГIалгIайн лерринчу 255-чу дошлойн полкан бIаьхо хилла Алиев Ваха. Коьртачу
декъана цкъачунна йухадовлучу ЦIечу Эскаран дакъошна, хьерадевллачу жIаьлех
тарбелла чугIертачу фашисташна йуккъехь лаьтташ хилла вайн турпалчу кIентийн
полк. Йухадолучу ЦIечу Эскаро немцошкахь
йитина Садовое, Котельниково, Чилеково, иштта дуккха а кхийолу йарташ фашисташкара схьайохуш луьра тIемаш
бина Сталинградан йистошца Нохч-ГIалгIайн лерринчу 255-чу дошлойн полко. Цацан цIе йолу Iам а вайн махкахоша схьабаьккхина
хилла немцошкара. Вайн полко тIаьххьара тIемаш бина Чилеково станцина уллехь 1942-чу
шеран хьаьттан беттан кхоалгIачуй, доьалгIачуй деношкахь. Вайн дошлойн полк
хилла немцойн инарлас Гот Германа куьйгалла дечу танкийн дивизина дуьхьал
йаьлларг. Шина дийнахь къиза кхихкиначу оцу тIамехь вайн виъ бIе гергга махкахо
вийна, шайна йукъахь полкан комиссар Имадаев Мохьмад а волуш. Полкан командир
Висаитов Мовлади чевнаш хилла госпитале вигна. Чевнаш хиллачарна йукъахь хилла
Ваха а. Амма, къарвелла накъостий битина,
чевнаш хиллера аьлла тIамна йуккъера-м ца ваьлла иза. Иштта майра вуьйцу вайн
турпалхо цуьнца бIаьхаллин некъаш гездинчу накъосташа.
Сталинградан йистошца лаьтташ хиллачу
Чилеково станцехь чевнаш хилла Ваха госпиталера араваьлча, Нохч-ГIалгIайн
леррина 255-гIа дошлойн полк, бIаьхойн могIарш нилха довлар бахьанехь, дIасайаьккхина
йара. 1942-чу шеран хьаттан беттан 3–4-чуй деношкахь вайн турпалчу махкахойх400
гергга стаг вийнера. Цул сов, чевнаш хиллачарах дукхахберш хIинца а
лазартнешкахь бара. Чевнаш йирзина йовлале, шен лаамца полкан командир Висаитов
Мовлад кхечанхьа хьажийнера лаккхарчу командованис. Цундела Ваха а кхечу полке кхечира. Сталинградан
механизированни гвардин 3-чу корпусехь хилира цуьнан кхидIа долу бIаьхьаллин
некъаш гездар. Оцу корпусан бIаьхошца хилла вайн турпалхо «Курская дуга» цIе
йолчу фронтан зилехь дарделла лом санна мостагIчух леташ, шегара доза доцу
хьуьнар, доьналла, майралла гойтуш.
Тахана кегийрхошна хала хила там бу
«Курская дуга» бохучу дешнийн маьIнех кхета. Танкийн уггаре а луьра тIом хилла
меттиг йу иза. Шоралла 200 км, малхбалехьа йохалла 150 км йолу майда дIалоцуш хилла иза
йуьхьанца. ЦIечу Эскаро немцойн фашисташ йухатоьхна меттиг а йу иза. 1943-чу
шеран аьхка цхьана баттахь эха баттахь сов, дийнахь-буьйсанна сацар доцуш, тIом
кхихкина фронтан зил бу «Курская дуга». 1943-чу шеран мангалан беттан 5-чу
дийнахь дIадуьйладелла шина эскаран тасадаларш хьаьттан беттан 23-чу дийнахь ЦIечу
Эскаран толамца дIадирзина. Шайн синош, могашалла ца кхоош, мостагIчух
майраллица леттачу советийн салташна
йукъахь вайн турпала махкахо Алиев Ваха а хилла.
ТIеман муьлхха а операци кхиамца
чеккхйаккха ницкъ оьшу. Мел халахеташ делахь а, зенаш ца хуьлуш ца дуьсу. КIезиг
дацара «Курская дуга» цIе йолчу фронтан зилехь хилла зенаш а. Йохийнера ЦIечу Эскаран
йалх эзар сов танк а, йоккха топ а, адамийн зенаш 177 847 стаге кхачош дара. БIаьрла
гуш дара бIаьхойн могIарш хаъал нилхадевлла хилар. Цундела 1944-чу шеран бIаьста
ЦIечу Эскарехь мелла а хийцамаш бира советийн Iедало, керла фронташ кхуллуш,
церан цIераш хуьйцуш. Иштта, кхоллайелира 1944-чу шеран оханан беттан 24-чу
дийнахь Беларуссин 3-гIа фронт а, шен коьртехь инарла-полковник Черняховский
Иван волуш. Кхидолу дакъош санна, цу
йукъа дахара Алиев Вахас бIаьхаллин некъаш гездеш хилла эскаран дакъош
а. Оцу фронтана йукъахь волуш цо тIемаш
бина Украина, Белорусси, Прибалтика
немцойх паргIайоккхуш. Украинерчу Черкасски областан Канев гIала фашисташкара
схьайоккхуш, Корсунь-Шевченковски тIеман операцехь гайтина бIаьхаллин хьуьнарш
бахьанехь, 1944-чу шеран бекарг баттахь ВКП(б)-н кандидатийн могIаршка тIеийцира
вайн турпала махкахо. Командованис шозза кехаташ кечдина, Кремле дIадахьийтина,
цунна СССР-н лаккхара совгIаташ дар доьхуш. «Орден Отечественной Войны» а,
«Орден Красной Звезды» а йала хьакъдолуш Вахас бIаьхаллин хьуьнар, доьналла
гайтина хилар чIагIдеш дара и кехаташ. Делахь а, 1944-чу шарахь мел майра тIом
бича а, нохчашна луш ца хилла и совгIаташ. Украина, Белорусси, Литва мостагIчух паргIатйоккъуш
уггаре а мехалчех йара советийн эскарш Днепр
хих дехьадовлуш йина операци. БIаьхьаллин хьуьнар а, майралла гайтина Вахас и тIеман операци дIахьочу хенахь. Белоруссерчу Комарин йуьртана уллехь дара иза 1943-чу шеран товбецан беттан 23-чу дийнахь
советийн эскарийн бIаьхоша Днепр хих дехьабовла Iалашо лаьцна тIемаш дIаболийча.
Вайн салтий бIаьрг белла ца буьтуш герз деттара немцоша. Амма ца къарлуш
хьалхахьа дIагIерташ советийн салтий бара, шайна йукъахь вайн махкахо а волуш.
Эххар, цхьа взвод Днепр хих дехьайаьлла, тIемалоша плацдарм схьалецира, шайн
накъосташна хих сехьабовла аьтто беш. Дуьххьара Днепр хих дехьа йаьллачу
взводаца вара Алиев Ваха. Цу тIеман операцехь толам советийн салташкахь бу аьлла
хеттачу хенахь эпсарша орцадаьккхира цхьана инарлина чевнаш йина, иза сихонца
госпитале дIакхачон гунахь долуш, шен лаамехь ваха бIаьхо оьшу, аьлла. Ша гIур
ву аьлла, масех гIулч хьалхахьа
йаьккхира Вахас.
Кхуьнан тIеман накъоста, мартанхочо
Бациев Хьамида йухаозийра Ваха «Хьалха ма лелха, кIант. Хьол хьалха цига баха
хьакъберш дукха бу кхузахь!»
– Дог эккхар дара сан, сайл хьалха цига
ваха цхьаъ гIоьртинехь, – жоп делира вайн турпалхочо.
Хьал ца хуучунна моттадала тарлора
инарла шерачу новкъа госпитале дIавига везаш хилла. Иза аьттехьа дацара. Чевнаш
хилла инарла Днепр хих йуха дехьаваккха
везаш вара, мостагIчо хаддаза тIедетташ герз а долуш. Амма Ваха бIаьрнегIар
тохале бурана (плот) тIехь вара. БIе метр гергга бара инарла хитIехула
дехьаваккха веза Днепран хинан важа берд.
Маьршачу хенахь а цхьана стагана бан чIогIа
хала некъ бу иза. Ткъа кхузахь ша цхьаъ
хиларал сов, ларван везаш чевнаш хилла инарла вара, тIо санна тIедетташ герз дара.
Вахин цхьана а кепара шеко йацара йуьхьарлаьцначу Iалашоне ша дIакхочург
хиларан. Цунна шен къоначу дахаран коьрта маьIна хетара советийн инарла
лоьрашна тIекхачор. Вайн турпалчу махкахочо дIакхачийра лоьрашна тIе инарла,
массарна йуьхькIам болчу кепара чекхдаьккхира шена тIедиллина гIуллакх. Иза
дуьххьара йа тIаьххьара дацара. Хьуьнаре стаг вара Алиев Ваха, шен сица, дегIаца
доьналла, майралла йолуш. Бераллехь дуьйна советийн Iедал дукхадезаш а, цунах
тешаш а, цуьнан дуьхьа, шен са дIадала кийча а вара чечанхо. И ойла цуьнан
хьаша ницкъ кхочуш цхьа а хIума хир ду аьлла ца хетара. Делахь а, заманан йохалла, цкъа а дагахь
цахилларг тIекхочуш а, собарца и лан дезаш а дуьне ду-кха хIара. Иштта хилира
Вахин дахарехь а.
Амал мел самукъане хиллехь а, тIаьхьарчу
хенахь гIайгIане гора иза тIеман накъосташна. Даима йеш хилла забар йар а
лахделлера. «ХIун ду хилларг?», – накъосташа хаьттича, цо куьг ластадора: «хIумма
а ца хилла», – олуш. Амма, даго хьоьхура
цхьа сингаттам кIантана тIебазбелла хилар. Масех бутт баьллера цуьнга цIера
кехат даза. Къаьсттина нанна сагатдора Вахас. Эххар а, вешера Шарпуддера
кхечира кхо сатийсина кехат. Шийла кхаъ бохьуш деана хиллера иза. Шарпуддис
йаздора берриге нохчий а, гIалгIай а,
«халкъан мостагIий» лерина, Сталинан хьадалчаша махках баьхна хиларх а,
хIинца шаьш ГIиргIизойн махкахь Iаш хиларх а лаьцна. Йуьхьанца бIаьхо ца тийшира вашас йаздинчух. Кехат
шозза, кхузза… пхоьазза дийшира цо. Кехатан хIора могIанера Iанаоьхуш йара гIайгIа,
сингаттам, мискачу адамашна тIебазбелла бала, харцо, Iедалан къизалла. Цкъа
тохаделира цуьнан дог, кийрара схьаэккха доллуш санна, тIаккха гIорасиз дIатийра
саца доллуш санна. Вешера деанчу кехато беанчу къаьхьачу кхоо вагийна, ша
ватталуш санна хийтира цхьана ханна, тIаккха цхьа инзаре шело хьаьдира цуьнан
дегIе кIантах шага тIулг беш. Ирахь латта де ца хилла, цхьацца ког боккхуш
меллаша тоьли чу вахана, цхьана сонехь дIатийра иза, хиллачун ойла йеш. Цхьаъ
вукхул аьрха ойланаш хьийзара коьрте, цара садуура, амма бераллехь дуьйна
нуьцкъалчу амалехь кхиъначу бIаьхочунна цхьаннах дагавала ца лаьара. Цкъа
делахь, кхунна иза муха хьаьнга ала деза ца хаьара, инзаре хIума ма ду дийнна халкъ
«халкъан мостагI» лерина бохург. Вахина-м
хаьара шен халкъана тIехь кхоьллинарг харц цIе йуй. Ткъа кхуьнан тIеман
накъосташна ма ца хаьа иза. Хьанна хаьа царна дага хIун догIур ду!? И цIе халкъана
тIехь йолуш накъосташна йукъахь кхин дIа муха лела веза хIара? НКВД-н
йамартлоно тиллина цIе иза хилар массарна дIа муха хоуьйтур ду!? Дийнахь-буьйсанний
оцу хаттарша йойтучу ойланийн «хьерахь» ваьллира Алиев Ваха. Ткъа шо кхаьчна
Советийн эскаран бIаьхо вара вайн турпалхо оцу къизачу ойланийн зоьпаршна
йукъахь воллуш, бакъоне кхача сакIамдеш сутарчу лаамо синтемах ваьккхина
хьийзош. Эххар а, цунна дагадеара Сталин
Иосифе кехат йаздан. Амма шена дагадеанарг цхьанна а ца тосадалийтира
цо. ТIеман хенахь и тайпа хIума Iаламат луьра лоруш ду массо а хенахь а,
муьлххачу пачхьалкхехь а. Цундела Ваха ийзалора тIеман накъосташа и кехат
йаздар шена цамагорах шекволуш. Вахех ца тешар, ца кхетар-м хир дацара иза,
делахь а хила тарлучу бохамах хIара ларван йолчу Iалашонца цхьаъ дан тарлора
цара. Ткъа кехат Сталине ца йаздича вайн турпалхо Iалур волуш вацара, кхана
малх схьакхетар бацахь а. Хьесталуш, дехарш деш кехат йаздан ойла йолуш а
вацара бIаьхо. Шен кийра морцу бакъдерг а, нохчийн, гIалгIайн халкъашна тIехь хIоттийна
къизалла йара вайн махкахочунна Iеткъаш йерг. И ма-дарра кехат тIе дилла Iалашо
лаьцна вара иза.
«Даймехкан сий лардеш, толаман де
ма-хуьллу сиха гергакхачон Iалашо лаьцна тIемаш бина оха, тхайн синош, могашалла
ца кхоош. ТIеман арахь эзарнашкахь турпала эгна сан махкахой, кхин цкъа а ца гIовтта.
БIаьрнегIар ца тухуш дIаделла цара шайн синош сийлахьчу Даймехкан дуьхьа. Ткъа
ахь сан дерриге халкъ «халкъан мостагI» лерина. Тхан халкъо цкъа а йицйийр йац
хьан харцо. Цо цкъа а гечдийр дац хьуна…»
Иштта ду Алиев Вахас Сталин Иосифе
йаздиначу кехатан могIанаш. Хала ду и кехат Сталине дIакхаьчна, ца кхаьчна ала.
Хетарехь, иза СМЕРШ-н белхахойн карадахна. Ткъа цара сихо йира дог майра бIаьхо
набахти чу кхосса.
– 1944-чу шеран мангалан беттан 25-чу
дийнахь дара иза, – дуьйцу шен дагалецамашкахь,
Вахин тIеман накъоста Шпурик Николай Павловича. – Тхо Прибалтикехь, Германин
дозанца дара цу муьрехь. Советийн эскар толамца малхбузехьа дIагIерташ дара, хIора
гIулч йаккхар мел хала хиллехь а. Цу дийнахь а окопа чохь дара, рогIерчу тIеман
операцина кечлуш. Бан безачу кечамна вовшах дагадовлуш бара полкан эпсарш. ЦIеххьана
тхан гуламан низам дохош чоьхьабевлира СМЕРШ-н белхахой. Цара лаьцна дIавигира
Алиев Ваха. Тхуна, цуьнан тIеман накъосташна хилларг хIун ду ца хаьара. ТIаьхьо,
цхьа бутт баьлча хиира тхуна нохчий а, гIалгIай а махках бахарх дерг. Уьш санна
«халкъан мостагI» лерина чувоьллина хиллера Ваха а. Дерг, доцург хиъначул тIаьхьа,
оха дукха кехаташ йаздира, массо инстанце,
тхайн накъост тоьлла бIаьхо хилар дуьйцуш, иза таIзарх хьалха витар
доьхуш. Тоьпаш тоха кхиэл кхайкхинера Вахина. Тхан полкан командира Барвинскийс
дукха къахьийгира цу бохамах тхан тIеман накъост ваккха лууш. Лакхарчу хьаькамех
дагаваьлла, цо сихха кехаташ кечдайтира
Вахас даймахкана йамартло йина хиларан хьокъехь. Цаьрца сатуьйсийла дара
догмайра нохчийн кIант дийна висаре. Амма Ваха реза ца хилира цу кехаташна тIе
шен куьйг йаздан. Даймахкана йамарт хилла боху цIе шена ца оьшу, и тайпа томмагI
тIаьхьарчу тIаьхьенашна тIехь дуьсуш ду. Кхаа шарахь тIом беш цкъа а шегара ледарло
йалийтина воцу догмайра нохчи, хьуьнаре бIаьхо, самукъане ламанхо Алиев Ваха
командирашна дукхавезара. Цундела цара, массара дехарш дора кхуьнга кехата тIе
куьг йазде бохуш. Амма туьран дитт хилла дуьхьал ваьллачу вайн махкахочо и
куьйг йаздеш дацара.
ТIаккха цхьана пенаца Алиев Ваха дIа
а хIоттийна капитан Спирина омра дира.
– По изменнику Родины – огонь!
И шога кеп Ваха къарван Iалашонца хIоттийна йара талламхо волчу капитана
Спирина. Амма оцу меттехь сийна цIе хьалалеттехь а, хи мел туху серла йуьйлуш,
вайн турпалхо куьг йаздийр долуш ца
хиллера. Цунах кхеттачу командираша, шайга далуш долу накъосталла дина, тоьпаш
тоха кхайкхина кхиэл хийцитира, велла дIаваллалц йолу хан набахтехь йаккхар тIедожош.
Оцу кхиэлаца генарчу Магадане дIахьажийра, Даймохк ларбан араваьлла дог майра чечанхо.
Цхьа дика доцуш, вуо лур дац Ша аьлла боху, хастам хилларо
АллахI-Дала. Иштта хилира къаьхьачу кхолламо гIелвинчу Вахин дахарехь а. Фронтехь хилла халонаш
йицйеш мацалла йара советийн набахтешкахь цу хенахь. Вайн турпалхо вара массо а тутмакх санна мацаллин Iазап
токхуш. Амма мелла а лоьран говзаллех хьакхавелла хIара хилар бахьана долуш,
Делан къинхетам хьалхабелира. Алссам нах чубухкуш хан йара Германица хилла тIом чекхбаьллачул тIаьхьа. Тутмакхаш денна алсамбовлуш
хиларна лоьраш тоьаш бацара набахтешкахь. ТIаккха набахтийн хьаькамаш тутмакхашна йукъахь лаха бевлира и лоьраш. Царна
хиира Ваха лоьран корматалла йолуш хилар. ТIаккха кхунна тIедиллира лоьран болх
бар. Дийцина ца валлал дукха нахана гIо-накъосталла дина цо набахтехь лоьран
болх бечу муьрехь. КхидIа а гIо дийр
долуш вара иза. Амма 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чу дийнахь мерза кхаъ
кхечира набахте, Сталин Иосиф дIаваларан хьокъехь. Вахина а, кхиболчу тутмакхашна санна цу хаамах
боккха кхаъ хилира. Кхечу тутмакхашна Iаьткъинарг Сталинан къизалла хиллехь,
вайн махкахочун шатайпа гамо йара цу дажалца. Ша мел халачу хьелашкахь хиллехь
а, кхунна дагара ца йолура Сталина нохчашна, гIалгIашна тIехь кхоьллина харцо,
цаьрга токхуьйту Iазап. Цул сов, массеран санна кхуьнан аьрхачу дагахь а дегайовхонан суй хьалакъедира, маршоне сатосуьйтуш.
1954-чу шарахь набахтера араваьлла,
шен гергара нах болчу ГIиргIизойн махка кхечира вайн турпалхо. Цигахь а мелла а
лоьран болх бира цо. Ткъа 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза некъамаршо йаьлча,
шен ворхIе да ваьхначу Нохчийчу цIавирзира иза. Соьлжа-ГIалин Кронштадски
урамехь ков-керт эцна, доьзалца ваха хиира иза. Даима сутара хааршка кхийдаш
волу иза хIирийн махка медицинин институте деша вахара, боккхачу кхиамца Буру-ГIалара
институт чекхйаьккхира цо, цул тIаьхьа дуккха а шерашкахь Чечанахь лоьран болх
бира.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьлла
30 шо даьлча, шен тIеман накъосташца цхьаьнакхийтира Алиев Ваха. Толаман де
даздечу дийнахь Минске, тIаккха, цкъа мацах фашистех паргIатйаьккхинчу
Молодечно гIалахь хилира шен тIеман накъосташца цхьаьна. Кхуьнан накъостий
баккхибийна ца бовлура шайн Володя (иштта цIе йоккхура бIаьхоша Вахин)
могаш-маьрша хиларх. Къеначу бIаьхошка бIаьрхиш
ца совцалора, шаьш окопаш чохь цхьаьна даьхна денош дагалоьцуш. ТIеман
накъостий дIасакъастира, 1980-чу шарахь, тIом чекхбаьлла 35 шо кхочуш кхин цкъа
а цхьаьнакхета барт а бина. Амма и де Вахина ган доьгIна ца хиллера. Набахтехь
а, бIаьхаллин некъаш гездеш а лайначу халонаша могашалла галйаьккхинера цуьнан.
1979-чу шеран лахьанан беттан 10-чу дийнахь Чечанахь лахьтин кийра вирзира
турпала бIаьхо. Чекхдевлира чолхечу дахарехь цо доьналлица гездина некъаш.
Делахь а, вайн вицван бакъо йолуш къонах вац Алиев Ваха. Нохчийн къоман эсехь
йаха йисина цуьнан цIе.
Газиева Аза