Делимханов Адам а, Абачев Эседулла а хилира Белгородан областехь болчу нохчийн бӀаьхой болчохь

Россин Федерацин пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Ленинградан тӀеман округан куьйгалхочун заместитель Абачев Эседулла а цхьаьнакхийтира Белгородски областехь йолчу Нохчийн Республикерчу подразделенийн куьйгалхошца. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен каналехь.

Делимханов Адам а, Абачев Эседулла а хьаьжира бӀаьхойн хьелашка, Россин Президента Путин Владимира хьалха хӀиттийначу Ӏалашонашка кхачаран некъаш дийцаре а дира цара.

Делимханов Адама баркалла элира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина бӀаьхошна гуттар а гӀо деш хиларна. Ткъа Кадыров Рамзана баркаллин дешнаш элира Делимханов Адамна а, Абачев Эседуллана а, вайн бӀаьхошна а шайн болх кхоччуш барамехь барна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: