
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийначу Нохчийн меттан денна лерина байт дика йешаран къовсаман толамхой билгалбахаран лерринчу комиссин кхеташо дӀайаьхьна Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитела Кадырова Ӏайшата.
Цигахь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, НР-н дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис а, НР-н культурин министран заместитела Мажидов Ӏаднана а.
Цара дийцаре дина къовсаман жамӀаш дӀадахьаран а, толамхой билгалбахаран а гӀуллакхаш.
Нохчийчуьра а, Россин регионашкара а, кхечу мехкашкара а къовсаме бахкийтина дуккха а белхаш бара. ЖамӀаш дар кхана «Грозный» НПТРК-хь дӀахьур ду.