
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун заместитель а, могашалла Ӏалашйаран декъан куратор а йолчу Кадырова Хутмата могашалла Ӏалашйаран хьукматашкахь 2024-гӀа шо Культурин а, гӀиллакхийн а шо дӀакхайкхийна.
Цу хьокъехь цо хаам бина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Кадырова Хутмата тӀедиллина могашалла Ӏалашйаран хьукматашкахь цомгаш болчаьрца кӀеда-мерза хилар.