Кадыров Рамзана а, Вайно Антона а дийцаре дина цхьамогӀа мехала гӀуллакхаш

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Москвахь цхьаьнакхетта Россин Федерацин Президентан Администрацин Куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца. Иштта хаам бина Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина цхьамогӀа мехала гӀуллакхаш а, Нохчийн Республикера хьал а.

«Гуттар а санна оьшучунна тӀехь гӀо-накъосталла дан ша кийча хилар хаийтира Вайно Антона. Ас баркалла боху цунна регионийн гӀуллакхашка лерина хьажарна. Со воккхаве муьллахачу хенахь а, цо тесна ца дуьтуш къастор дуйла а хууш, муьлхха а гӀуллакх цунна тӀедахьа сайн аьтто хиларх», — йаздина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: