
Техьа-МартантӀехь даздаран хьолехь схьайиллина берийн беш. Иза лерина йу 140 берана. Объект хьалайина йу «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» къоман проектан «Стимул» программин гурашкахь.
Берийн бешахь хир йу берийн 7 тоба. Керлачу бешахь дерриге а хьелаш кхоьллина ду кхоллараллин агӀор кхиаран дуьхьа – мукъамийн а, физкультурин а залаш а, дарсашна лерина йаккхий кабинеташ а, иштта кхидерг а. Ткъа берийн бешан уьйтӀахь ловзаран майда йу.
Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран хьалхарчу заместитела Тунтаев Ислама билгалдаьккхира, хьалха хилла йолу берийн беш тиша хилар бахьана долуш, иза дӀа а йаьккхина керланиг хьалайина хилар.
Карара шо чекхдалале лерина ду берийн кхин а 5 беш схьайелла. Уьш «Сейсмика» подпрограммица а йогӀуш йийр йу. Билгалдаккха догӀу, берийн беш ТӀехьа-МартантӀехь йина а ца Ӏаш, Соьлжа-ГӀалахь а, Ахьмад-Юьртахь а, Девкар-Эвлахь а йина хилар.