Бераш — каникулашкахь

Езачу меттигашка

IMG-20150713-WA0019

Соьлжа-ГIалин дешаран учрежденешкара бераш шайн хьехархошца цхьаьна Баба Хедин зератехь хилира кху деношкахь.

Хууш ма-хиллара, бусалба нахана юккъехь дика вевзачу Кунта-Хьаьжин нана Хеда дIайоьллина меттиг Веданан районерчу Эртинахь ю. Берийн мукъачу хенахь, аьхкенан каникулашкахь, оцу сийлахьчу меттиге шайн дешархошца бахар хьалха-тIаьхьа даьккхира Соьлжа-ГIалин дешаран Департаменто.

Кунта-Хьаьжин дахарх а, цо Исламан дин Нохчийчохь даржорехь а, чIагIдарехь а динчу гIуллакхех  лаьцна дийцира берашца цхьаьна хиллачу школашкарчу ийманехь кхетош-кхиоран белхан вовшахтохархоша-хьехархоша.

Ишттачу белхан зеделларг долчу Гагаев Асламбека дийцарехь, бераша даккхийдерца тIеийцира нохчийн къоман бусалбан динца доьзначу историн меттиге-зерате дахар, чаккхе яцара церан кхоллалучу хеттарийн.

Шеко йоцуш, ишттачу гIуллакхе бераш марздар а, цунах царна болу пайда а боьзна бу и гIуллакх вовшахтоха хаарх. Оцу гIуллакхан сийлалла дегнашка, син кIоргене кхача кхетам ца тоьачу  берашна, цунах лаьцна дийца охIла болчу хьехархошца-вовшахтохархошца цхьаьна хилар боккха аьтто бу.

Иштта гIуллакх Рамадан беттан сийнна кхочушдина Соьлжа-ГIалин дешаран Департаменто. Цул сов, чIагIйинчу графикца Рамадан бутт чекхбалале, кхин цкъа а цига бераш дига лерина бу  Департаментан белхахой.

 

 

Аьхка садаIар

 

Къинхьегаман а, нах балха дIанисбаран а, социальни кхиоран а  министерствон доьзалан политикин департаментан директора Джемаев Рустама дийцарехь, аьхке йолалуш Нохчийчуьра 2 эзаре ца кхоччуш бер аьхкенан лагершкахь садаIа ларийна.  Карарчу шеран аьхка берийн садаIарна лерина республикин бюджетера билгалдина 358 миллион сом ахча. ГIирма Республикерчу Iаьржачу хIордан бердаца йолчу садаIаран меттигашка а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу «Долинск», «Дружба»   санаторешка а садаIа Нохчийчуьра 17 эзар бер гIур ду. Царах 10 эзар  дахаран хьелаш атта доцучу доьзалшкара бераш хир ду. Билгалдаккха деза, 3 эзаре ца кхоччуш долчу бераша садоIур ду Шелковски районерчу «Кхиазхойн социальни реабилитацин а, могашалла меттахIотторан а» туьшахь.                                                                                                                Цул сов, республикин юкъарадешаран школашкахь а, кхин тIе долчу дешаран учрежденешкахь а Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшахтоьхна «могашаллин майданаш». Уьш лерина ю 7-16 шераш долчу берашна. ХIора дийнахь, 3-4 сохьтехь, берийн мукъа хан царна пайден йолчу агIор дIаяхьархьама къахьоьгу майданашкахь социальни педагогаша а, психологаша а, кхин тIе долчу дешаран хьехархоша а. Цара вовшахтуху  конкурсаш а, ловзарш а. Ала деза, тайп-тайпанчу кепехь  аьхка садаIарехь дакъалоцур ду Нохчийчуьрчу 30 эзар беро.

 

Т.АЛИЕВА

 № 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: