Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин профсоюзийн белхахочун а, профсоюзийн жигархочун а де дӀакхайкхийна

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указаца Нохчийчохь Нохчийн Республикин профсоюзийн белхахочун а, профсоюзийн жигархочун а де дӀакхайкхийна.

Нохчийн Республикин социальни-экономика кхиорехь долу профсоюзийн белхахойн дакъа билгалдаккхаран Ӏалашонца дӀакхайкхийна ду иза.

И дезде хӀора а шарахь асаран беттан 18-чу дийнахь билгалдоккхур долуш ду. Цу хьокъехь хаам бина НР-н профсоюзийн Федерацин председатела Солтагереев Хьусайна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: