Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалин гӀишлошйаран майданашкахь хилира

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадаца цхьаьна вайн республикин коьртачу шахьаран гӀишлошйаран майданашкахь хилира. Иштта хаам бира регионан Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.

ГӀишлошйарехь баккхий белхаш бу дӀахьош Россин Президентан Путин Владимиран цӀарах йолчу керлачу кӀоштахь. Кадыров Хас-Мохьмада дийцарехь, цигахь дерриге а белхаш дӀахьош ду хӀоттийначу планаца а догӀуш. Керлачу кӀоштахь хьалайан лерина ду 70 эзар адамана лерина 30 эзар петар.

Кадыров Рамзан лерина хьаьжира керлачу кӀоштан архитектурин плана тӀехь долчуьнга. Цуьнца цхьаьна а догӀуш цигахь хир ду тоьллачех, хазачех 2 маьждиг а. Ша проектана резахилар хаийтира Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира, керла кӀошт вайн республикин коьртачу шахьаран хазна а хилла дӀахӀуттург хиларх ша тешна хилар. Йуьйцуш йолчу кӀоштахь хӀусамийн комплексаш а, социальни а, коммерцин а объекташ а хир йу, ишттта мел оьшуш долу хьелаш а хир ду.

Кадыров Хас-Мохьмада дийцира Соьлжа-ГӀала хазйарехь беш болчу кхиболчу балхах лаьцна а, масала, некъаш шордарехь а, коммуникацеш карлайахарехь а, некъашна тӀе асфальт йилларехь а дӀахьош болу болх бовзийтира.

Кадыров Рамзана баркалла элира Соьлжа-ГӀалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, гӀишлошйаран балхана йукъа мел озийначарна а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: