Соьлжа-ГӀалахь ФОМС-н йоккха кхеташо дӀайаьхьна

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана медицинин страхованин федеральни фондан председательца Баланин Ильяца цхьаьна дакъалецира ФОМС-н директорийн Советан кхеташонехь. Иштта хаам бира регионан Мехк-Дас телеграмерчу шен каналехь.

Цигахь дакъалаца Нохчийн Республике баьхкинера ФОМС-н Россин йерриге а субъектийн меттигера куьйгалхой а, говзанчаш а. Регионан Мехк-Дас маршалла хаьттира хьешашка. Цул тӀаьхьа шен къамелехь цо билгалдаьккхира, бахархойн медицинин декъехь хьашташ кхочушдарехь тоьлла хьелаш кхолларехь медицинин страхованин фондо йоккха, маьӀне меттиг дӀалоцуш хилар.

Республикин Мехк-Дас Кадыровн орден йелира Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министрана Алханов Адамна а, меттигерчу медицинин страхованин фондан директоран хьехамчина Абдулазизов Майрбекана а. «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана» аьлла йолу медал йелира фондан директорна Абдулазизов Денилбекана, ткъа цуьнан заместительшна Садулаев Лом-Ӏелина а, Газиев Рамзанна а, Дудаев Мохьмадна а «Нохчийн Республикина дуьхьа хьунарш гайтарна» медалш йелира. Иштта цхьамогӀа белхахошна балха тӀехь билгалбовларна тайп-тайпана совгӀаташ дира.

Федеральни ведомствон куьйгалхочо Баланин Ильяса лакхара мах хадийра республикехь йолчу фондан белхан. Шен къамелехь цо маьӀне хаттарш а, гӀуллакхаш а айдира, кхидӀа бечу балха тӀехь тидаме лаца дезаш долу, масала, ветеранашна а, тӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна а медицинин декъехь гӀо дар. Циггахь цо Сийлаллин грамоташ дӀайелира тайп-тайпанчу регионийн меттигерчу органийн куьйгалхошна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: