
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь хаам бина Хучиев Муслима кхечу белхан метте дехьа валарца доьзна Правительствон Председателан дарж охьадиллина хиларан хьокъехь.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Хучиев Муслим дика говзанча хилар.
«Иза вайн республикал арахьа а вевзаш а, лоруш а ву. Мохьмадан Муслим бакъволу говзанча а, тӀаьхьалонан ойла йеш волу пачхьалкхан гӀуллакххо а ву. Доккха зеделларг долуш волу иза кхечу балхахь оьшуш ву. Хучиев Муслим вайн Даймехкан бакъволу патриот ву. Со тешна ву шен керлачу декхаршца иза тӀехдика ларориг хиларх», – йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаам ма-барра Нохчийн Республикин Правительствон Председателан декхарш Тумхаджиев Ӏийсас кхочушдийр ду.