Нохчийн Республикин Iилманийн академехь 2010-чу шарахь дуьйна кхочушъеш ю «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» проект. Цуьнан Iалашо ю республикехь дехачу къаьмнийн къаьсттина мехалла йолу исбаьхьаллин белхаш арахецар. 2010-чу шарахь «Нохчийн Республикин синкхачанан хазна» серехь арахийцира Гадаев Мохьмад-Селахьан гулйинчу произведенийн ши том. 2012-чу шарахь араелира вай юьйцучу серин кхоалгIа том. Иза Дикаев Мохьмадан кхоллараллина лерина яра. Карарчу шарахь нохчийн литература езархошна рогIера совгIат дина Нохчийн Iилманийн академис – арахецна Мамакаев Мохьмадан говзарийн том.
1973-чу шарахь дуьйна М.Мамакаевн поэзин ша къаьсттина цхьа гулар бен (Нохчийн литературин г1олацаран фондо арахецнарг) араяьлла цахилар тидаме эцча, доккхачу маьIне гIуллакх ду «Даймехкан косташ» книга (иштта ю IV-чу томан цIе) арахецар. Нийсса аьлча, Мохьмадан поэзин иштта юьззина гулар араяьлла яцара, поэт ша дийна волчу хенахь а. Поэтан, ерриге а ала мегар долуш стихаш а (царех тоьлла ерш муххале а), «ЦIий хуьйдина лаьмнаш», «Непсин безам», «Со вина де», «Майрачийн илли», «Кемсийн хорха», «ЖаIуьнан Iожалла» поэмаш, кхечу къаьмнийн поэтийн М.Мамакаевс нохчийн матте гочйина стихаш, ткъа иштта «Чеченский тайп в период его разложения» Iилманан болх бахана гуларна юкъа. ХIокху томана яздинчу хьалхарчу дашехь поэтан атта ца хилла дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйту Арсанукаев Iабдуллас. М.Мамакаевн кхоллараллех кхета гIо дийр долуш ю Кусаев Iадизан, Абдулаев Лечин, Ахмадов Мусан, Мамакаев Эдуардан, Махмаев Жамалдин, цхьамогIа кхечу авторийн цунна лерина статьяш а, Бексултанов Мусан эссе а.
Нохчийн литературехь ша къаьсттина меттиг дIалоцуш ю Мамакаев Мохьмадан кхолларалла. Нохчийн исбаьхьаллин литературин юьхь йолийначех а, шен цIарца Къилбаседан Кавказан а, Россин а поэзиезархошна нохчийн поэзи йовзийтинарг а вара иза. Билггал нохчийн къоман синкхачанан хазна ю М.Мамакаевн поэзи. И хазна йовзийтар чIогIа оьшуш дара. ХIара том араяларх баккъал а кхаъ хир бу хьехархошна, студенташна, нохчийн гоьваьллачу поэтан кхолларалла йовзаре хьашт мел долчунна а.
Хь.Аболханов
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо