
Кадыров Ахьмад Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр хӀоттийна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.
ХӀинццалц оцу даржехь хилла волу Ибрагимов Ӏийса Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель хӀоттийна.
Иштта, Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министерствон куьйгаллехь Висмурадов Рамзан хир ву.