
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна республикин социальни-экономикин хьолах а, кхечу мехалчу гӀуллакхех а лаьцна дийцина. Цу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.
«Москвахь Президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар хилла сан. Ас дийцина цунна социальни-экономикин хьолах лаьцна. Экономикин йерриге а агӀонаш кхуьуш схьайогӀуш йу. Кхочушйеш 500 инвестицийн проект йу», — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Тидам тӀебахийтина белхазалла лахйарна а, гӀишлошйарна а. Кадыров Рамзана Россин Президентана йовзийтира керлачу кӀоштан проект а.
«Белхазалла лахйарна тӀехь къахьоьгуш ду тхо. Шо чекхдалале 5 процентана тӀе охьайалор йу оха иза. Карарчу ханна 7,5 процент йу иза. Инвестицийн гӀоьнца 10 эзар белхан меттиг кхуллур йу. ГӀишлошйарехь а бу баккхий кхиамаш. Цхьаьна Соьлжа-ГӀалахь йеш йолчу Путин Владимиран цӀарахчу кӀоштахь 2 млн кв.м. хӀусамаш а, 900 эзар кв.м. кхийолу объекташ а хир йу», — элира Кадыров Рамзана.
ТӀеман лерринчу операцехь дакъалацарх лаьцна а дийцира. Операци йолайелчахьана 43 эзар сов бӀаьхо дӀахьажийна Нохчийчура, царна йукъахь 18 эзар шайн лаамехь баханарш а бу. Цара массара а РУС-хь кечамаш бина.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо оьшуш мел долу хӀума латтош ду. 1693 леррина техника а, 6000 гергга квадрокоптер а эцна. Уьш хӀора а денна тӀеоьцуш а йу», — йаздина Кадыров Рамзана.
Цхьаьнакхетар дерзош Мехк-Дас баркалла элира Путин Владимирна массо а хӀуманна тӀехь гӀо дарна. Иштта, республикин бахархойн цӀарах Нохчийчу хьошалгӀа а кхайкхира цо иза.