
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Россин Федерацин Президент Путин Владимир Нохчийчу хьошалгӀа кхайкхина. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
«Чаккхенгахь, регионна пайде долчу муьлххачу а дӀадолорехь дакъалацарна а, гӀо-накъосталла дарна а баркалла элира ас Владимиран Владимирна. Иштта, халкъан лаам а дӀахаийтира — кхайкхира Нохчийн Республике хьошалгӀа», — йаздина Кадыров Рамзана шен Президентаца хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна дуьйцуш.