
Россин делегацин декъашхошна йукъахь Нохчийн
Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалецира Россин Президентан Путин
Владимиран а, Узбекистанан Президентан Мирзиёев Шавкатан а хиллачу белхан
цхьаьнакхетарехь. Иза дӀадаьхьира Президентан «Куксарой» цӀе йолчу цӀийнехь.
Иштта хаам бира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен
каналехь.
Пачхьалкхийн куьйгалхоша вовшашна хаийтира йохк-эцаран, экономикин зӀенаш
чӀагӀйарехь а, тайп-тайпанчу дакъошкахь цхьаьна къахьега а шаьш кийча хилар. Шайн
хиллачу къамелехь церан барт хилира Узбекистанехь Йерригроссин арахьарчу
йохк-эцаран академин а, Бауманан цӀарахчу Москван технически университетан а
филиалаш схьайелла. Цул тӀаьхьа кхин а дуккха а дакъалацархой а болуш йоккха
кхеташо дӀайаьхьира. Цуьнан жамӀашца шина пачхьалкхан куьйгалхоша хиллачу
барташна куьйгаш йаздира.
Регионан Мехк-Дас билгалдаьккхира, Нохчийн Республика регионашна йукъарчу тӀегӀанехь
цхьаьна болх бан кийча хилар. Цунна мел оьшуш долу хьелаш долуш ду –
къинхьегаман гӀирсаш а, майданаш а, кхуьуш схьайогӀуш йолу транспортан
инфраструктура а. Кадыров Рамзана хаийтира, культурин а, туризман а, инвестицешца
боьзначу балхахь а уьйраш чӀагӀйарехь а шена йаккхий таронаш хилар гуш хилар.
Дагадоуьйту, дӀадаханчу шарахь Нохчийн Республикин Правительствон Председателан
заместитель Кадырова Ӏайшат Узбекистанехь хилла хилар. Цигахь цуьнан
цхьаьнакхетар хиллера меттигерчу культурин министраца Назарбеков Озодбекаца.
Оцу цхьаьнакхетаран гурашкахь культурин декъехь цхьаьна болх баран некъаш а
лехира.
Цхьаьнакхетар дирзинчул тӀаьхьа коьртехь Мирзиеев Шавкат а, Путин Владимир а
волуш шина пачхьалкхан регионийн советан хьалхара кхеташо дӀайаьхьира. Цигахь
тайп-тайпанчу дакъошкахула бан лерина болх билгалбаьккхира цара.