Кадыров Рамзан хилира Нохчийн Республикин керла комплекс йечохь

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана РФ-н Пачхьалкхан Думин депутатаца Делимханов Адамца а, Нохчийчоьнан Правительствон Председательца Даудов Мохьмадца а теллира Соьлжа-ГӀалахь Правительствон керла комплекс йаран белхаш. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада Кадыров Рамзанна довзийтира белхаш дӀабахьаран майданахь долу хьал. Проектаца а догӀуш, 69 метр лекха а йолуш, 16 гӀат йолуш хир йу комплексан коьрта гӀишло.

Соьлжа-ГӀалин мэра дийцарехь коьртачу гӀишлонна йуххехь 11 гӀаьтнаш йолу ши корпус а хир йу. Цул сов, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а гӀуллакхаллин урхаллина шена гӀишло йийр йу цигахь. Коьртачу корпусехь жими а, йаккхий а кхеташонийн чоьнаш а хир йу.

Проектаца нийса а догӀуш белхаш дӀабоьрзур бу 2026-чу шарахь. Къилбаседа Кавказехь а шатайпа хаза комплекс хир йолуш йу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: