
Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада Соьлжа-ГӀалахь гӀезалойн къоман «Сабантуй» даздарш дӀадахьаран вовшахтохараллин комитетаца кхеташо дӀайаьхьна.
Гулбеллачара дийцаре дира даздаршна кечамаш бар а, уьш дӀадахьаран а гӀуллакхаш. Къастийра «Сабантуй» мероприяти дӀайахьа меттигаш а.
«Тхо тешна ду «Сабантуй» лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьуриг хиларх. Республикин бахархойн а, хьешийн а аьтто хир бу гӀезалойн къоман культура а, Ӏадаташ а довза. Шина регионан социальни-экономикин йукъаметтигаш чӀагӀйарехь дакъалоцур ду вай», — аьлла Дудаев Ахьмада.
Шен рогӀехь, ГӀезалойн Республикин примьер-министран заместитела, Дерригдуьненан гӀезалойн конгрессан къоман кхеташонан председатела Шайхразиев Васила Нохчийчоьнан Мехк-Дена Кадыров Рамзанна даггара баркалла элира НР-чу гӀезалойн йукъараллина массо а агӀор терго йарна.