Футболах ловзуш Россехь хьалхеяккхаран чемпионатана кечамбеш, Соьлжа-ГIалара «Терек» шолгIачу сборан тIаьххьарчу доттагIаллин матчехь цхьаьнакхийтира Словакерчу Злате Моравце гIаларчу «ВиОн» командица.
Хууш ма-хиллара, 2015–2016-чуй шерийн премьер-лигин чемпионат дIайолаяла масех де бен ца дисина. Хьалхарчу турехь Дона-тIера-Ростовехь меттигерчу «Ростовца» ловзур бу соьлжаг1алахой.
Цхьаьнакхетар вовшашкахь хIун доллу хьожуш дIадолийра футболисташа. Матчехь дуьххьара счет схьаелла герга вара соьлжагIалахойн тIелатархо Мбенгуе Аблай. Амма цунна серлонан таблона тIе шен ц1е язъяйта цхьа кIеззиг аьтто ца тоьийра. Цо тоьхна буьрка «хьешийн» кевнна масех сантиметр уллехула елира. Цул тIаьхьа Лебеденко Игоран а таро яра гол тоха, амма иза а шен Iалашоне ца кхачавелира. Австрехь тIаьхьарчу кIирнах тIех йовха яра. Цундела командашна хала дара ира тIелатарш дан. Иштта нисделлачу хьелашкахь футболисташ жим-жима кIадбала буьйлабелира. Бакъду, хьалхарчу таймехь дика ловзарца билгала хилла волчу Камерунерчу тIелатархочун Тавамбан аьтто бара Соьлжа-ГIаларчу «Терекна» гол тоха. Амма, цо ондда тоьхна буьрка Годзюр Ярослава лардечу кевнан штангех а кхетта, чу ца йоьдуш йисира. Иштта, баьхкинчу болельщикашна кхин тоьхна буьрка ца гойтуш, садаIа яхара командаш. СадаьIначул тIаьхьа а майданахь кхин хийцам бацара. Футболисташ шайн ма-хуьллу ловза-м гIертара, амма йовхоно шен болх бора. ШолгIачу таймехь соьлжагIалахой гIолехь ловзура Злате Моравце гIаларчу футболистел. Ткъа шайн тIелатар гол тохарца дерзо гIора ца тоьара. Тайм юккъе йоьдучу хенахь буьрка тоха герга вара Мбенгуе Аблай. Амма цунах г1уллакх ца хилира. Матч йолалуш хилла йолу счет кхин хийца ца луш чекхделира цхьаьнакхетар.
Билгалдаккха деза, Россехь хьалхеяккхаран чемпионат карарчу беттан вуьрхIитталгIачу дийнахь дIайолалуш хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо