
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилира Россин Президентан Путин Владимиран цӀарахчу керлачу кӀоштана йукъайогӀуш йолу объекташ йаран балхе хьажаран майданахь. Иштта хаам бира Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.
Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада Нохчийчоьнан Мехк-Дена дийцира хьажаран майданах лаьцна а, иштта, гайтира керла кӀошт йарах лаьцна дуьйцуш йолу ролик а. Цул сов ,цигахь кхиэле йиллина йу йеш йолчу кӀоштан кеп, шена тӀехь йеш йолчу объектийн – дукхагӀаьттанех лаьтташ йолчу комплексийн а, берийн бошмийн а, школийн а, маьждигийн а, спортан а, культурин а объектийн а, некъийн а суьрташ долуш.
Кадыров Хас-Мохьмада хаийтира, гӀишлошйаран белхаш хӀоттийначу графикаца цхьаьна а догӀуш дӀахьош хилар. МаьӀне ду, цигахь цхьана хеначохь 150 цӀа хьаладеш хилар. Царах цхьадерш шолгӀачу гӀат тӀекхаьчна, ткъа кхидерш – планехь ду. Болх сацийна лаьтташ цхьа а объект йац.
Кадыров Хас-Мохьмада дийцарехь, хьалайеш йолу дукха гӀаьттанех лаьтта комплексаш бахархойн бӀаьрг тӀехӀуттуш йу. Соьлжа-ГӀалахь шен долахь хӀусам йезачунна оцу кӀоштахь и эца аьтто хилар билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Цо баркалла элира Кадыров Хас-Мохьмадна а, керла кӀошт йаран балхана йукъа дакъа мел дуьллучарна а. Кадыров Рамзана хаийтира, Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт Соьлжа-ГӀалин йоккха хазна хилла дӀахӀуттург хиларх ша тешна хилар.