Нохчийн векалша дакъалаьцна «Россин Кавказ: истори, мехаллаш, маьӀнаш» форумехь

ХӀокху деношкахь Пятигорскехь дӀайаьхьна «Россин Кавказ: истори, мехаллаш, маьӀнаш» цӀе йолу форум.

«Машук» хаарийн туьшахь дӀайаьхьначу форумехь Россин тайп-тайпанчу регионашкара политикин а, йукъараллин а гӀуллакххоша дийцире дина пачхьалкхан къоман политика кхочушйаран гӀуллакхаш.

Шайна хьалхаваьлла Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Баширов Сайд-Мохьмад а, СКФО-хь волу Нохчийчоьнан Мехк-Ден векал Сулейманов Камалдин а волуш нохчийн делегацис а лаьцна цигахь дакъа.

Форуман декъалацархоша массара а лакхара мах хадийра Нохчийн Республикехь дӀахьош йолчу къоман политикин.

Цигахь вистхиллачу Баширов Сайд-Мохьмада билгалдаьккхира, къаьмнашна йукъахь марзо а, барт а латтор Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коьртачу Ӏалашонех цхьаъ хилла хилар.

«Барт а, марзо а латтор Ахьмад-Хьаьжин коьртачу Ӏалашонех цхьаъ йара. Иза боккъалла а стратегин Ӏалашо йара цуьнан. Ткъа, тахана цуьнан сийлахь гӀуллакхаш дӀахьош цуьнан кӀант, Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан ву», — аьлла Баширов Сайд-Мохьмада.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: