9-чу июлехь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технологически университетехь уггаре а кхиамца дешна бевллачу выпускникашна цIен дипломаш делира. Оцу даздаршкахь университетан ректора, профессора Таймасханов Хьасана шен къамелехь билгалдаьккхира:
«Суна декъал бан луур ду вайн выпускникаш, дика кечбина говзанчаш, шун дахарехь мехалчу денца, дипломаш схьаэцарца. Ткъа уьш шатайпа «цIен дипломаш» ду. Уьш аш шайн дахарехь Iилманан некъа тIехь бинчу толамна делла».
Оцу юьхькIомаца деанчу дийнахь выпускникийн дай-наношна доккха баркалла элира цо шайн берийн дешарца бала кхочуш, уьш новкъа бохуш, царна сагатдеш, хIора дийнахь цара къахьегарна. Иштта, ректора шен къамелехь, баркалла олуш, довха дешнаш элира шайн университетан хьехархошна. Студенташца къахьегна цара шайн Iилма, хан ца кхоош.
Оцу даздаршкахь дакъалоцуш «Чеченгазпром», «Грознефтегаз» компанийн векалш бара, дукха хенахь дуьйна университетаца гергарло лелош болу. Цара оьшучунна тIехь гIодо университетана дика говзанчаш кечбарехь.
Таймасханов Хьасана билгалдира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешаран а, говзанчаш кечбаран а гIуллакх даима а тидамехь латтош хилар. «Чеченэнерго» ОАО-н коллективаца болх баран урхаллин хьаькама Аслаханов Гирихана декъалбира выпусникаш. «Суна декъалбан лаьа университетан выпускникаш а, ткъа иштта университетан куьйгалла а аш бинчу дикачу балхаца. Шу бахьанехь студенташна шаьш хьаьржина Iилма, корматалла лаккхарчу тIегIанехь карайирзина. Шун выпускникаш тхайн белхахойн могIаршкахь ган а луур ду», – элира Г.Аслахановс.
Университетан хьешийн декъалдарш дирзича, даздаран хьолехь уггаре а сатийсина, дипломаш дIадаларан миноташ тIекхечира.
Кхушара Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технологически университетан 2000 выпускниках 228 выпускникана «цIен дипломаш» делира. Иза дика кхиам бу.
З.ХИЗИРОВА
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо
