Нохчийн журналисташа «Арарчу библиотекин» фонд тӀейуьзна

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан Кадырова Ӏайшатан дӀадолорца хӀиттийна йу нохчийн цхьамогӀа гӀаланашкарчу а, йарташкарчу а урамашкахь «арара библиотекаш» — луъучо книгаш схьаэца а, чуйахка а йиш йолу кегий библиотекаш.

Цунах боккха кхаъ хилла республикин бахархошна а, хьешашна а. Цара жигара пайда а оьцу царах.

Оцу беркатечу балхана йуьстах ца лаьтта НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерство а, шуьйрачу хаамийн гӀирсаш а.

Тахана, Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийначу Нохчийн Республикин историн а, историн хӀолламийн а, архитектурин а, культурин тӀаьхьалонийн а шеран гӀуллакхашца нийса а догӀуш, МинНацИнформан куьйгалхочун Дудаев Ахьмадан тӀедилларца республикин шуьйрачу хаамийн гӀирсийн куьйгалхоша а, журналисташа а иттаннаш книгашца «хьалайуьзна» пачхьенерчу Зорбанан цӀенна хьалха хӀоттийна «арара библиотека».

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: