«Шайн Даймехкан гӀаролхой. ТӀеман лерринчу операцин Турпалхой» гайтам схьабиллина Соьлжа-ГӀалахь

Айдамиров Абузаран цӀарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь «Шайн Даймехкан гӀаролхой. ТӀеман лерринчу операцин Турпалхой» гайтам схьабиллина.

ТӀеман леррина операци дӀахьош билгалбевллачу 170 бӀаьхочунна лерина стендаш йу цигахь гайтина. Царна йукъахь Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан а, НР-н Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а, НР-н Правительствон Председателан заместитель Висмурадов Абузайд а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу полицин лерринчу полкан командир Чалаев Замид а, кхиберш а бу.

Оцу мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, НР-н кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Висмурадов Рамзана а, Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместитела Рашаев Султана а, кхечара а.

Культурин дӀадолорийн Президентан фондан грантийн гӀоьнца и болх цхьаьнатоьхна Республикин йукъараллин «Турпалхой» боламо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: