
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администраци вовшахтоьхна 24 шо кхаьчна. Оцу мехалчу хиламна лерина даздарийн гIуллакхаш дIадаьхьира «Ирсе де» Event-агентствон даздарийн цIийнехь.
«Ас хазаетарца дакъалецира Администрацин белхахой декъалбаран гIуллакхехь. Цигарчу зала чохь хиллачарах дукхах болчаьрца цхьаьна йуьххьера дуьйна дIаболийра оха болх. Къахьоьгура ницкъ ма-кхоччу, халонашка хьаьжна ца Iаш, болх бан цхьана а тайпа хьелаш цахиларе хьаьжна ца Iаш. Тхох хIоранна а дика дагадогIу и шераш.
Хала дара. ХIора дийнахь лелхарш дара. Бандиташа, зуламхоша бойъура Россин Iедалца цхьаьна гIуллакх деш берш. И зуламаш дарца, къизалла лелорца халкъ кхеро, адамаш хьере дан гIертара. Амма церан йамарт Iалашонаш кхочуш цахилира», – йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграм-каналехь.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даррехь вахабизмана а, терроризмана а дуьхьал велира, цаьрца луьра къийсам дIаболийра. Цо и гIулч йаьккхира Нохчийчохь дуьненайукъарчу терроризман декъашхоша а, талорхоша а лелош долчу зуламаша, латтош долчу Iазапо халчу хIоттийна долу нохчийн халкъ кIелхьардаккхархьама, Нохчийчохь машар хилийтархьама, адамаш зовкхе дахийтархьама. Цунна лаьара халкъ паргIат, ирсе дехийла.
«Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин белхахоша, шаьш-шайн ца кхоош, доггаха къахьегар бахьана долуш, тахана Iедал а, йукъаралла а цкъа а ца хиллачу кепара цхьаъ хилла дIахIоьттина. И цхьаалла вайн халкъо дуьненайукъарчу терроризмана, кегарина, къеллина тIехь баьккхина толам бу!», – йаздина Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас оцу даздаршкахь мехала совгIаташ дира балхахь къаьсттина хьуьнаре къахьегарца билгалбевллачу Администрацин белхахошна. Иштта, Нохчийн Республикин Лаккхара совгIат – Кадыровн орден йелира Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочунна Эдилов Валидна, цуьнан заместительна заместительна Дадаева Залинина, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун заместительна, бакъонийн департаментан директора Берсункаев ГIаибна, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочунна Магомедов Ризванна, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун хьалхарчу заместителан хьехамчина Тамаев Iаьрбина. Иштта, «Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо» мидалш а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира Администрацин уггаре а жигарчу белхахошна.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира цигахь вовшахкхеттачарна доггаха къахьегарна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана тешаме хиларна а.
«Со тешна ву цхьана а тайпа халонашна хьалха вай, къарделла, совцург цахиларх а, вай майрра хьалхахьа некъ бийриг хиларх а», – дерзийра Нохчийчоьнан Мехк-Дас даздаршка баьхкинчарна хьалха дина къамел.